Диъ адам дийна Дагестанерчу некъахьовзамехь
![Диъ адам дийна Дагестанерчу некъахьовзамехь](https://gdb.rferl.org/B796F892-0870-4748-8737-7A1C53949196_w800_h450.jpg)
Дагестанерчу Агачаул эвлан йистехь вавшахкхетта кхо машен, яздо Кавказ.Реалиино.
И бахьана долуш виъ стаг вийна, шайна юкъахь цхьа бер а долуш, хаам бина республикан могушаллан министралло.
Цу некъахьовзамехь лазийна ву кхин а 5 стаг. Уьш охьабехкина дарбанан хIусамашка.