Титиев маьршаваккхарехь гIо доьху бакъонашларъярхоша ФИФА-га
Human Rights Watch-о а, къизаллашна дуьхьало латточу Комитето а, Amnesty International-о а, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано а, кхечара а куьйгаш яздина кехат "Мемориалан" сайте зорбане даьккхина.
Ларамза дац ФИФА-н цIарах кехат яздар – Оьрсийчохь дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна, цо магийна ду Мисарарчу тобанна Соьлжа-ГIалахь куп тоха.