Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Май
2018

Новости за 16.05.2018

Radiomarsho.com 

Марханаш кхаба кийча бу махкахой

Марха лаца тIаьххьара кечамаш беш, жигара дIалахьи Соьлжа-ГIаларчу «Беркат» базарахь йохка араяьхна кхачан сурсаташ. Даим а марха лоцуш а, достуш а къаьсттина хаало мехаш хIинццалц хиллачул а дистина. Маршо Радион корреспонденто теллира кху деношкахь йоккхачу базарахь лаьтта хьал.

Radiomarsho.com 

Беркате мархийн бутт тIекхечи

Берриг а бусулбанаш санна и беркате бутт тIекхачаре сатуьйсуш бара Нохчийчура бахархой а. Мархийн баттахь, хууш ма хиллара, яарца а, маларца а, леларца а, багара йолучу Iаьнарца а цхьацца декхарш ду.

Radiomarsho.com 

Титиев маьршаваккхарехь гIо доьху бакъонашларъярхоша ФИФА-га

Iедалшца йоьзна йоцчу 14 гIараевллачу организацийн векалша ФИФА-н президенте Инфантино Джаннига кхайкхамбина, Оьрсийчоьнан Iедалшца Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярх дийцарш дIахьо аьлла. Иштта доьху цара Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхо Титиев Аюб маьршаваккхарехь гIо лацар а. Human Rights Watch-о а, къизаллашна дуьхьало латточу Комитето а, Amnesty International-о а, Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано а, кхечара а куьйгаш яздина кехат "Мемориалан" сайте зорбане даьккхина. Ларамза дац ФИФА-н цIарах кехат яздар ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Теракташна кечамаш беш хилла аьлла набахте вахийтина ГIалгIайчуьра вахархо

Москох цхьа могIа теракташ кечдина хилла аьлла, кхело бехкевина "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан виъ декъашхо, царлахь ву Цечоев Тамерлан а. Тобанхой лецнера стохка Iай. Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн зерашца, "резонансе терроран акцеш дан Iалашо хилла церан шаьш куьйга йинчу лоьлхуьйтуршца". "Туркойчохь волчу даIишхойн эмиссаран куьйгаллица кечдеш хилла тIелатарш", -аьлла ФСБ-н векало. Теракташ кечдарна а, герз дохкарна а, бакъо йоцуш шайн куьйга лоьлхуьйтурш ярна а аьлла, бехкебинчу Наимов Хисматуллана а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мархийн бутт карабеана

Бусалбачу наха уггар беза лору Сийлахь Мархийн Бутт карабеа. СаIудерчу бусалбачу Iеламнехан дIахьедарца, еара - хьалхара марха лоцу де ду. Цу дийнан дозаллин сий-лерам беш, сагIийна хIума а луш, марха лаца кечамаш беш бу Нохчийчуьра бахархой а. Дийнна мархийн баттахь хIора Iуьйра ламаз Соьлжа-ГIаларчу доккхачу маьждигчохь динчу 14 шаре верзаза мел волчу кхиазхочунна дезачух совгIат дийр ду аьлла, дIакхайкхийна махкарчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан хьаькамо Ибрагимов Iийсас.

Radiomarsho.com 

Туркойчоьно ханна шайн махкара араваьккхина Израилера консул

Стамбулерчу Израилан инарла консуле цхьана ханна шайн пачхьалкхера аравалар дехна Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло. Anadolu агенталло бина и хаам, министраллерчу шайн хьостех пайда а оьцуш. Оршотдийнахь, Газан секторан дозанехь Израилан эскаршца протестхойн вовшахтасадаларш хиллачул тIаьхьа иккхина Туркойчоьнна а, Израилна а юкъахь дипломатин конфликт. Иерусалимехь Iамеркан векалалла схьаеллар ду хIоьттина бахьана. ХIетахь вийра 60 палестинхо. Шинаридийнахь туркоша Израилан посол шайн махкара араваьккхича... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Яйна оьрсийн ши йоI лаьцна Дагестанехь

Череповец гIаларчу полицига яйначу 15 а, 16 а шераш долчу шина йоьIан дайша-наноша хаамбина, и шиъ цIа ца еана аьлла. Талламчаш тIекхиина, и ши йоI Къилбаседа Кавказерчу цхьана республике яхна хир ю аьлла. Масех де даьллачул тIаьхьа Дагестанерчу полисхоша Череповец гIаларчу шайн коллегашка дIахаийтина, цара лоьхучех тера ши зудабер лаьцна шаьш аьлла. Шина йоIа дийцина, интернетехула кегийчу нахаца уьйр теснера шаьшиммо, тIаккха маре яха дагахь дIаяхара шаьшиъ, аьлла. Мехкарий могуш карийна, карарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь байна кегийнах Шемахь "хаабелла"

"Новая газетан" хаамашца, стохка Нохчийчохь байина аьлла, кхайкхийначу кегийчу нахана дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна, уьш Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетта аьлла. Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас бина и хаам оьрсийн "Би-би-си" гIирсе. Царех масанна дуьхьал долийна гIуллакх Москальковас хаийтина дац, амма "Новая газетан" тептарехь  27 стаг вара уьш. Омбудсмено бахарехь, оцу гIуллакхна тIехь шен терго латтош ю иза, цкъачунна кхин тIетоха керла хIуммаъ дац. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Умаров: Шена дерриг а могуьйтур ду моьтту Трампна...

Кху деношкахь Тель-Авивера Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн векалалла дехьаяьккхина Иерусалиме. Оцу бахьанашца Газан секторехь вовшахтийсадаларш хилла, иттанашкахь палестинхой белла. "ООН коьртехь лаьттачу дуьненаюкъарчу организацешна а, доллу дуьненна а дуьхьал эхь ца хеташ шеташ тохар ду и" аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата ситуацех дуьйцуш. "Iамеркан президент ву и стаг- Трамп Дональд. Цхьана Iалашонашца шен пачхьалкхан векалалла Иерусалиме дехьаяккхар тIедожош, омра до цо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Юха а "паспортизаци" йолийна Нохчийчохь

Соьлжа-ГIаларчу школашкахь дешархойн дай муьлхачу вирдера бу толлуш, информаци ю лахьош. Маршо Радионо 2016-чу шарахь яздира, меттигерчу бахархоша даредарца, Iедал кегийрхошна "оьздангаллин паспорташ" далар дIахьош ду, кегийнах ойланца, кхетамца зуьйчуха аьлла. Нохчийчуьрчу парламентан сайта тIехь а хаам баьржинера, тIейогIучу хенахь хIора 14 шарера 35 шаре ваьлла жимстаг, мехкан куьйгалхочун омраца оьздангаллин "паспортизацех" чекхвала декхаре ву аьлла. Оцу паспорташтIехь билгалдаьккхина хир ду муьлхачу къомах ву... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Страсбургерчу полисхоша нохчашлахь рейдаш йолийна, дIабигина дуккха а нах

ШолгIа де а ду Страсбургехь нохчий бехачу каппашкахула полицино рейдаш дIахьо. Оршотан буьйса юккъе яьллачул тIаьхьа чулилхинчу полисхоша дIавигина масех нохчо. Бу царлахь бераш долу зударий а. Доьзалш лулахошкахь а буьтуш йигина цхьана хIусамера нана а, йоI а. ДIавигина деа беран да, хIусамнана кегий бераш хиларна йитина, амма карара телефон дIаяьхьна полисхоша. Кхааридийнахь делкъал тIаьхьа тIекхайкхина ю иза, хеттарш дан. ХIора а хIусамах хьуьйсуш, компьютерш кегош, лехамаш дIабаьхьна баьхкинчара. Читать дальше...


Эксперт «Швабе» рассказал о влиянии господдержки на производство гражданской продукции

В ФНС назвали фейком новости о задержании главного свердловского налоговика

Уехавшего в США художника Станислава Шминке объявили в розыск

Диетолог Ким рассказала о продуктах с высоким содержанием соли



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Кремле анонсировали переговоры Путина с королем Бахрейна в Москве

Эксперт «Швабе» рассказал о влиянии господдержки на производство гражданской продукции

В ФНС назвали фейком новости о задержании главного свердловского налоговика

И.о. главы Минздрава Красноярского края стала Наталья Говорухина

Музыкальные новости

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)

Футбол Беларуси. Минское «Динамо» сразилось с «Шахтером» из Солигорска

В РМАТ ПРОШЕЛ I БИЗНЕС-ФОРУМ ВЫПУСКНИКОВ РМАТ 1999-2023 ГОДА ВЫПУСКА, ПОСВЯЩЕННЫЙ 55-ЛЕТНЕМУ ЮБИЛЕЮ АКАДЕМИИ

Маркетологи рассказали, что влияет на популярность компании в 2ГИС

Новости России

Торговый центр построят в Зеленограде

Пациенты больницы принял участие в фестивале

V Общероссийская конференция «Устойчивое развитие этнокультурного сектора» представит калейдоскоп успешных практик в сфере социального проектирования

Ремонт Московского проспекта от Богоявленской площади до Фрунзе обещают вести по часам

Экология в России и мире

Более 500 человек посетили «Ночь музеев» в Ставропольской краевой психиатрической больнице №1

Сотрудники отеля Yalta Intourist поздравили ветеранов с Днём Великой Победы

Осторожно ВПЧ! Доктор Кутушов рассказал от чего появляются папилломы на теле

Выездной Фотограф для всех желающих, ну и конечно Артистов и Музыкантов.

Спорт в России и мире

Касаткина, Андреева и Кудерметова — в тройке лидеров в борьбе за звание лучшей теннисистки

Потапова не смогла пробиться во второй круг турнира WTA в Страсбурге

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Российский теннисист Медведев опустится на строчку в рейтинге ATP

Moscow.media

Новые наушники Nothing Ear и Ear (a) уже доступны

«Байкал Сервис» стал партнером Премии 2ГИС

"Возрождение интереса к народному искусству и ремеслам в современном мире"

Шапки женские вязаные на Wildberries, 2024 — новый цвет от 392 руб. (модель 466)







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *