Мархийн бутт карабеана
![Мархийн бутт карабеана](https://gdb.rferl.org/8767E05D-8A85-4E79-B182-F59486A46F00_w800_h450.jpg)
Бусалбачу наха уггар беза лору Сийлахь Мархийн Бутт карабеа. СаIудерчу бусалбачу Iеламнехан дIахьедарца, еара - хьалхара марха лоцу де ду. Цу дийнан дозаллин сий-лерам беш, сагIийна хIума а луш, марха лаца кечамаш беш бу Нохчийчуьра бахархой а.
Дийнна мархийн баттахь хIора Iуьйра ламаз Соьлжа-ГIаларчу доккхачу маьждигчохь динчу 14 шаре верзаза мел волчу кхиазхочунна дезачух совгIат дийр ду аьлла, дIакхайкхийна махкарчу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министраллан хьаькамо Ибрагимов Iийсас.