Нохчийчохь байна кегийнах Шемахь "хаабелла"
![Нохчийчохь байна кегийнах Шемахь](https://gdb.rferl.org/A7F01EE8-5CCE-4DAA-812D-F2963AAC983D_cx0_cy11_cw0_w800_h450.jpg)
"Новая газетан" хаамашца, стохка Нохчийчохь байина аьлла, кхайкхийначу кегийчу нахана дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даьхна, уьш Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхетта аьлла. Оьрсийчоьнан омбудсмено Москалькова Татьянас бина и хаам оьрсийн "Би-би-си" гIирсе. Царех масанна дуьхьал долийна гIуллакх Москальковас хаийтина дац, амма "Новая газетан" тептарехь 27 стаг вара уьш.
Омбудсмено бахарехь, оцу гIуллакхна тIехь шен терго латтош ю иза, цкъачунна кхин тIетоха керла хIуммаъ дац.
"Талламан комитето и нах байча санна гIуллакх делларна дуьхьало йина", - аьлла, тIетоьхна Москальковас.