Страсбургерчу полисхоша нохчашлахь рейдаш йолийна, дIабигина дуккха а нах
ХIора а хIусамах хьуьйсуш, компьютерш кегош, лехамаш дIабаьхьна баьхкинчара. Маршо Радионе дIабигинчийн гергарчара бахарехь, шаьш стенна буьгуш бу а, я хIун лоьху хаьттича а, жоьпаш ца делла полицино, 96 сахьтанна дIалецна совцор бу шаьш алар доцург. Страсбургерчу полицигара оцу хьокъехь комментари еха аьтто ца хилира Маршо Радион.
ДIалецначийн цIерачарна хетарехь, яхначу шоьтан сарахь Парижехь Нохчийчуьра схьаваьллачу Азимов Хьамзата уьрсаца нахана дина тIелатар бахьана долуш йолийна хила а тарло полисхойн рейдаш.
Карладоккху, шоьтан сарахь Парижерчу Монсини (Monsigny) урамехь стаг вийра 1997-чу шарерчу жимчу стага. Урс тоьхна, стаг вуьйш "АллахIу акбар!" мохь тоьхна цо аьлла, хаамбира меттигерчу зорбанан гIирсаша. Полицино герз тоьхна ша веле и жима стаг ларийна цхьа стаг вен а, 4 лазо а. Иза вийначул тIаьхьа къаьстира Нохчийчохь вина, Францин вахархо Азимов Хьамзат иза хиллийла.