Марханаш кхаба кийча бу махкахой
![Марханаш кхаба кийча бу махкахой](https://gdb.rferl.org/d3cc68ab-e6c1-4a08-9fb2-c49b8c309299_tv_w800_h450.jpg)
Марха лаца тIаьххьара кечамаш беш, жигара дIалахьи Соьлжа-ГIаларчу «Беркат» базарахь йохка араяьхна кхачан сурсаташ. Даим а марха лоцуш а, достуш а къаьсттина хаало мехаш хIинццалц хиллачул а дистина. Маршо Радион корреспонденто теллира кху деношкахь йоккхачу базарахь лаьтта хьал.