"Хайят Тахрир аш-Шам" тоба террорхойн тептаре яьккхина Iамерко
Терроризмца къийсам латточу пачхьалкхан департаментан координаторо Сэйлс Натана дIахьедина: "Оцу сацамо гойту, цIе хийцарх тхо Iехалур доцийла", -аьлла. Шеман къилбера Идлиб провинцин ах дакъа шайн тергонехь латтош ду "Хайят Тахрир аш-Шам" тобано.
Асад Башаран эскархошца къийсам латтийна ца Iаш, кеп-кепарчу Шемарчу гIаттамхойн группашна дуьхьал а лаьтта уьш.