Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июнь
2018

Новости за 01.06.2018

Radiomarsho.com 

Нохчашна чIир йита реза хилла хIирийн доьзал

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Черменехь маслаIат хилла йийначу таксхочун Уртаева Стеллин а, иза йийначу Нохчийчуьрчу вахархочун а доьзалашна юкъахь. Шина а мехкан динан дайша дакъалаьцна оцу барамехь.

Radiomarsho.com 

Даржаш охьадахка декхаребина гуьржаша Iедалхой

Гуьржийчохь гулбеллачара Iедалхой декхаре бо даржаш охьадахка. Иза хилла ши кхиазхо вийначул тIаьхьа. Цу шиннах цхьаьннан дас Саралидзе Зазас ша тешна ву боху,инарла прокурор шен кIант вийнарш кIелхьара бохуш хиларх. Дуьхьалонан акцеш бахьана долуш шен дарж дитина инарла прокуроро. Демонстранташна политика юкъагIоьртина аьлла хета кхелана.

Radiomarsho.com 

"Хайят Тахрир аш-Шам" тоба террорхойн тептаре яьккхина Iамерко

Шеман "Хайят Тахрир аш-Шам" тоба террорхойн организацийн тептаре яьккхина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Пачхьалкхан департаментан сайтехь бинчу хаамца, и тоба йоьзна хилла террорхойн "Аль-Каида" машанца.  Террорхойн организацийн могIаре яьккхинчу "Фронт Ан-Нусра" тобан бух тIехь дахначу шарахь кхоьллина и юкъаралла.  Терроризмца къийсам латточу пачхьалкхан департаментан координаторо Сэйлс Натана дIахьедина: "Оцу сацамо гойту, цIе хийцарх тхо Iехалур доцийла", -аьлла. Шеман къилбера Идлиб провинцин... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Наркотикаш яьхна чувоьллинарг полисхой латточу набахте кхачийна

Набахтехь даккха итт шо кхайкхийна Волгоградан кIоштан 23 шо долу вахархо Исмаилов Рустам Карелин "цIечу" зоне хьажийна. Стохка гурахь кхело бинера цуьнан хьокъехь шен сацам. Интернет гIирсаца баккхийчу барамашкахь наркотикаш лелор дара цунна бехке диллинарг. ДегIах талламаш бечу хенахь цуьнгара яьхнера 1, 1 грамм наркотикаш. КIентан гергарчара цуьнан кисана наркотикаш кхийсина ю аьлла, дIахьедо. Стохка гурахь Карелерчу ИК-7 набахте дIакхачийнера иза. "Бакъонашларъярхошкара хиина тхуна, ницкъаллийн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Таджикийн муфтийс бокс "хьарам спорт ю" аьлла

ПIераскандийнахь Душанберчу маьждигехь Рузбанна гулбеллачийн хеттаршна жоьпаш лучу муфтийс Iабдулкъедирзодас "бокс а, ММА-н латарш а хьарам ду аьлла, хIунда аьлча, оцу спорто адаман могушаллана зен до, заьIапхо ван а тарло" аьлла. "Юкъа ахча дуьллуш мел долу ловзарш, къийсадаларш а хьарам ду. ДегIана, хьекъална беш пайда а боцуш хан яйар ду иза", - аьлла, тIетоьхна муфтийс. Таджикийн кегийрхой бакъахьачу спортаца хила беза, масала, латар, цо сица а, дегIаца а кхиадо адам. "Оцу спортан кепаша бохьу кхиамаш оьшура вайн тIекхуьучарна... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дийнахь а, буса а ларвеш ву полисхоша йоI йийна Роберт

Нохчийн 7 шо долу йоI ерна бехкевечу 16 шо долчу кхиазхочунна кIелоян гIортар юкъахдаьккхина Австрин полицино. Венерчу Йозефштадт набахтера Линц гIалин къевлинчу тIеман дарбан цIийне дехьаваьккхина Роберт. ТIехь деш  ха а долуш, ша цхьаъ чохь латтош ву иза. 24 сахьтехь цуьнца цхьана чохь бу полисхой. Иза волу меттиг гIараяккхар дихкина ду. Австрин хаамийн гIирсаша дийцарехь, Роберт лаьцна латточу Йозефштадт набахтехь кIантана дуьхьал зулам ду кечдеш аьлла, тутмакхашка хаамбинера. Венерчу нохчийн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Евкуровс ша волчу марха даста кхайкхина муфтият

ГIалгIайчоьнан муфтийна Хамхоев Iийсана гечдина мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, ша бусулбачийн жамаIатах дIахадош, кхайкхамбарна. Регионан урхалхочо марха даста ша волчу хьошалгIа кхайкхийна иза. Евкуровс бахарехь, кху дезачу деношкахь мехкан бахархой вовшашна къинтIера бовла беза, цхьабарт хилийта шайн ма хуьллу беркате гIуллакхаш а деш. "Суьйранна ифтаре вола со волчу – туьха а, бепиг даим сан стоьл тIехь ду", - аьлла, Хамхоевга а, цуьнан гоне а вистхилла Евкуров Юнус-Бек. Маршо Радионо яздира... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Махкара бахархой ДНК-тестех чекхбуьйлуш бу

Иракъехь дисина шайн бераш лахархьама ДНК-тесташ яр долийна Нохчийчуьрчу бахархоша. Шемахь а, Иракъехь гергарнаш болчара дIалуш ю анализаш аьлла, кхетийна махкарчу Iедалхоша. Оцу некъаша шайн берийн бераш цIадерзо аьтто лур бу шайна аьлла тешна бу уьш. "Иракъехь да-нана делла а, набахте чубоьхкинчу зударийн бераш а цIадерзор сихдархьама юкъадаьккхина хIума ду иза", - аьлла могушаллин министарллан векало "Кавказан узел" агенталле. Гергарчу Малхбалехь доьзалш болучеран декхар ду кхелан-медицинан экспертизан бюро шайх хаамба... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Аьхкенан садаIар кхушара шайн махкахь хир ду берийн

Кху шеран аьхкенан садаIар Нохчийчохь хир ду махкарчу берийн. Республикерчу садоIийлашка хьовсор бу 20 эзар гергга дешархой. ХIинцале а Сиржа-Эвларчу "Ламанан шовда" садоIийлехь ду 500 бер. Берашка садаIийта Iалашонца карарчу шарахь Нохчийчоьнан Iедалхоша 400 миллион сом ахча юкъадиллина. "Таханалерачу дийнахь республикехь болх беш ю 4 берийн садоIийла: Шелвковскера "Хазахетар", Шелан кIоштара "Светлячок", "Ламанан шовда", Нажин-Юьртара "Ламанан Беной" а. Цхьана рожехь 350-500 бер тIеэца таро ю оцу садоIийлийн"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчашна а, хIиришна а юкъахь маслаIат хилла

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Черменехь маслаIат хилла йийначу таксхочун Уртаева Стеллин а, иза йийначу Нохчийчуьрчу вахархочун а доьзалашна юкъахь. Шина а мехкан динан дайша дакъалаьцна оцу барамехь. "Кавказ.Реалии" портале Къилбаседа ХIирийчоьнан муфтийс Гацалов Хьаьжа-Мурда дийцарца, нохчийн муфтиято доллучу къоман цIарах гечдар дехна. "Стаг вер эхье хIума ду, Iаламат эхье ду нагахь зуда ехь. Машаре а, лараме а къамел хилира тхуна юкъахь", - дийцина Гацаловс. Гергарчу хенахь йийначу зудчун хIусаме богIур бу куьйгбехкечун гергарнаш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шема яхначу ГIалгIайчуьрчу яхархочунна дуьхьал гIуллакх даьккхина

ГIалгIайчоьнан 25 шо долчу яхархочунна дуьхьал бекхузуламан гIуллакх  долийна, иза Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех оучу тобанах дIакхетарна. Талламчийн информацица, 2014-чу шеран бIаьста Туркойчу а яхана, шо даьлча цигара дIа даIишхойх шен лаамехь дIакхета иза. "Террорхойн тобанхошна лоьралла а деш, кхача а латтош, чоьнаш цIанъеш Iаш ю иза цигахь", - аьлла, дийцина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло стохка хааме даккхарца, Шемахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шема яхначу ГIалгIайчуьрчу яхархочунна дуьхаьл гIуллакх даьккхина

ГIалгIайчоьнан 25 шо долчу яхархочунна дуьхьал бекхузуламан гIуллакх  долийна, иза Шемарчу "Исламан пачхьалкх" шех оучу тобанах дIакхетарна. Талламчийн информацица, 2014-чу шеран бIаьста Туркойчу а яхана, шо даьлча цигара дIа даIишхойх шен лаамехь дIакхета иза. "Террорхойн тобанхошна лоьралла а деш, кхача а латтош, чоьнаш цIанъеш Iаш ю иза цигахь", - аьлла, дийцина ГIалгIайчуьрчу Талламан комитетан пресс-гIуллакххоша. Республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло стохка хааме даккхарца, Шемахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Осмаев Адамна тIелатар динчун кхел йолош ю

Киеверчу Подольскан кхело листа долор ду Кринари Артуран (Курмакаев а ву иза, Тищенко а ву, Цебро а ву) гIуллакх. Цуьнан адвокато Мацегора Маринас бина и хаам. Кринари бехкево нохчийн Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан куьйгалхочунна Осмаев Адамна а, цуьнан хIусамнанна Окуева Аминина а кIелоярна. Бехкевийриг Нохчийчуьра орамаш долуш ву, шех Кринари Артур алар дехна цо. Ерриг а цо лелорийг 10 цIе гергга ю. Стохка аьхка Киевехь, Le Monde газетан журналист ву ша аьллачу цо чевнаш йира Осмаевна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Стуннана йина Даудов лоьху Iедалша

Ставрополан кIоштарчу Талламан комитето лехамашка велла 36 шо долу Даудов Ахьмад. Иза бехкево стуннана ерна а, шен хIусамнанна а, стунвешина а чевнаш ярна а. Талламичйн версица, чохь дов иккхича майрчо шен зудчунна герз тоьхна хилла. Орцах баьхкинчу стуннанна а, стунвешина а тоьхна цо цхьацца хIоа. 53 шо долу бехкевечун стуннана чевнех елла, вочу хьолехь дарбан цIийнехь ду зудий, стунваший. Левокумскехь бехаш хилла доьзал. Талламчаша бахархошка кхайкхам бина зуламхо волу меттиг шайна тусалахь, информаци хаийта шайга аьлла.

Radiomarsho.com 

Иракъера 94 бер Оьрсийчу кхачийна

Иракъера кема кхаьчна Орсийчу 94 бер далош аьлла, хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу пачхьалкхан Iедалхоша набахтехь яккха яккхий хенаш  йиттинчу зударийн бераш ду уьш. "Иракъера бераш цIа дерзорехь беш болу болх оха сацийна бац цхьана минотна а", - аьлла, билгладаьккхина Кадыровс. Иштта цо хааме даьккхина, и бераш даймахка кхачор шина этапехь хирг хилар а. Хьалхарчу тобанехь 49 бер ду, шолгIачу рейсехь кху карабеанчу баттахь 25 бер хир ду. Бераш дозанал арадаха оьшу кехаташ кийча ду... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *