ГIажаройн эскарш арадохуш ду Шемара
ГIажаройн ницкъаш Шеман Къилбехьа латторна дуьхьал ю Израиль а. Шайна цаьргара кхерам бу аьлла хета царна. Израилан кеманаша бомбанаш йиттира ГIажарийчоьнан а, "Хезболлан" а Шемарчу базашна тIе.
"Интерфаксо" а, Израилан зорбанаша а хаамбарехь, гIажаройн тIемалой Шемара арабевр бу аьлла бина барт бара Израилан а, Оьрсийчоьнан а тIеман министрийн Москох кху кIиранах хиллачу цхьанакхетарехь.