ГIажаройн эскарш арадохуш ду Шемара
ГIажарийчоьнан эскарш пIераскандийнахь арадийла дуьйладелла Шеман Къилберчу а, Къилба-Малхбузерчу а кIошташкара. Al-Arabiya телеканало шайн хьосташна тIе а тевжаш бина и хаам. ГIажаройн эскарш арадохуш хиларх информаци яржийна Израилан зорбанаша а. Ливанан ГIажарийчоьнна муьтIахь йолчу "Хезболла" тобано а дIатосу регион. ГIаттамхошна дуьхьал тIемаш бечу Шеман президентан эскархошна гIоьналла латтадо ГIажарийчоьно а, "Хезболлас" а. ГIажаройн ницкъаш Шеман Къилбехьа латторна дуьхьал ю Израиль а. Шайна цаьргара кхерам бу аьлла хета царна. Читать дальше...