Дагестанехь контртерроран раж кхайкхийна
![Дагестанехь контртерроран раж кхайкхийна](https://gdb.rferl.org/E601601A-A606-405A-B6C4-0864A6905EB8_w800_h450.png)
Шо доладелчхьана шолгIа контртерроран раж кхайкхийна Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь. 2018-чу шарахь полисхоша дIахьон ворхIолгIа лерина операци ю цигахь. КIиран сатосучу хенахь йолийна ницкъахоша лаьмнийн кIоштахь шайн операци, Кванада а, Гимерсо а олучу эвлашкахь контртерроран раж а кхайкхош, хаамбина Дагестанерчу оперативан шатабан (НАК)мвекало.
Цо бахарехь, гIаттамхой а, церан агIончаш а лоьху ницкъаллийн структурийн белхахоша.
Контретторан ражо доьхку адамашна а, некъан транспортна а цхьана ханна дIасалелар.