Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июнь
2018

Новости за 03.06.2018

Radiomarsho.com 

Тбилисехь протесташ лаьтта 4-гIа де ду

ДоьалгIа де а ду Тбилисехь протесташ дIайоьлху. БIе стаг ву дуьхьалонан акци араваьлла. Стохка Iай вийначу шина кхиазхочун гIуллакх талларна Iедало ледарло яран резабоцуш урамашка бевлла гуьржий.  Бехкзуламан гIуллакх таллар юкъахдаккхарна хьаькамаш бехкебо протестхоша. Шеконашкахь кхобучийн бехкхиларан тоьшаллаш дац аьлла кхелахоша. Гуьржийчоьнан инарла прокуратурано ши кIант вийнарш кIелхьарабоху аьлла хета протестхошна. Пачхьалкхан инарла прокурор даржех ваккха ницкх къечира гулбеллачийн. ХIинца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Парижехь гулбеллачу нохчаша шаьш сийсаз ца дар дехна

Нохчийчуьра схьабевлла эзарнашкахь нохчий гулбеллера Францин коьртачу шахьарехь Парижехь хIоттийначу митингехь кIирандийнахь. Хаамийн гIирсашкахь нохчийн къам бехдеш йолийначу компанина дуьхьалонна арабевллера уьш. Нохчийчуьра орамаш долчу 21 шо кхаьчначу Азимов Хьамзата Парижехь уьрсаца тIелатар динчул тIаьхьа хаамашкахь нохчех негативе артиклаш зорбане йоху. Оцу материалашкахь нохчийн къомера терроризман а, ницкъбаран а кхерам бу бохуш яздо журналисташа. Митинг вовшахтоьхнарш тешна бу, оцу бехкаш дахкаро доллу къам бехдеш хиларх а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Машенаш лело бакъонаш дIаяьхна Нохчийчуьрчу бахархошкара

Нохчийчохь шоферийн машен лело 32 бакъо дIаяьккхина прокуратурано, медицинан экспертизо гайтина жамIаш бахьана долуш, хааме даьккхина оцу урхалло. Бинчу талламаша Iорадаккхарехь, наркоманин, токсикоманин, алкоголизман диагнозаш хIиттиначу махкарчу 32 вахархочо машенаш лелош хилла. Лоьраша могушалла зийначул тIаьхьа тIечIагIдина, цомгушберш кхачо йоллуш тобелла цахилар. Маршо Радионо хьалхо яздира, мархийн беттан сий деш, некъан низамаш дохорна полисхоша схьаяьхна машенаш уьш йолчарна юхадIаелла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIаттамхойн хьалханча вийна Дагестанехь

Сатасале Дагестанехь контртерроран раж а кхайкхош, йолийначу леринчу операцехь, ТАСС агенталлан хаамашца, вийна меттигерчу гIаттамхойн хьалханча. Цуьнгахь карийна гранаташ, патармаш, автомат а. Маршо Радионо яздира, кIиран сатосучу хенахь ницкъахоша лаьмнийн кIоштахь операци йолорах, Кванада а, Гимерсо а олучу эвлашкахь контртерроран раж а кхайкхош. Дагестанерчу оперативан шатабан (НАК) векало бахарехь, гIаттамхой а, церан агIончаш а лоьхура ницкъаллийн структурийн белхахоша.

Radiomarsho.com 

Дагестанехь контртерроран раж кхайкхийна

Шо доладелчхьана шолгIа контртерроран раж кхайкхийна Дагестанерчу Цумадинан кIоштахь. 2018-чу шарахь полисхоша дIахьон ворхIолгIа лерина операци ю цигахь. КIиран сатосучу хенахь йолийна ницкъахоша лаьмнийн кIоштахь шайн операци, Кванада а, Гимерсо а олучу эвлашкахь контртерроран раж а кхайкхош, хаамбина Дагестанерчу оперативан шатабан (НАК)мвекало. Цо бахарехь, гIаттамхой а, церан агIончаш а лоьху ницкъаллийн структурийн белхахоша. Контретторан ражо доьхку адамашна а, некъан транспортна а цхьана ханна дIасалелар.

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалахь байинчу полисхойн доьзалшна компенсацеш делла

Полисхойн Рахметов Кайртан а, Горсков Владимиран а доьзалшна миллион соьмаш, лазийначу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан эскархошна Дементьев Владимирна а, Горбунов Николайна а 500 эзар ахчанаш дIакхачийна аьлла, хаамбина Нохчийчоьнан Iедалхоша. Маршо Радионо яздира, байначу беттан 19-чохь Соьлжа-ГIаларчу Архангел Михаилан килсана динчу тIелатарехь виъ гIаттамхо верах. Иштта байира оцу тасадаларшкахь Нохчийчохь эскархойн гIуллакх кхочушдеш хилла Саратовн кIоштара полисхой а. Ницкъахоша Iорадаккхарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Трампан шеко ю Iамеркан прокурорах

Шен адвокаташа прессе кхоьхьуьйтучу кехатех информаци Iораяларна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда шеконашка эцна юстицин министралла а, лерина прокурор Мюллер Роберт а. Твиттерерчу шен агIон тIехь бина цунах хаам Трампа. Президенто юха а яздина, шен харжамийн компани йоьдучу хенахь Оьрсийчоьнца цхьана а кепара шен бина барт цахиларх. "Сан адвокаташа хаамийн гIирсашка язде кехаташ Iорадохучул а, демократашлахь коррупционераш лехча гIоле дацара?", - аьлла, билгладаьккхина президенто. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Израилан кеманаша тохарш дина Газан секторехь

Шайн территорешна ракетийн тохарш дарна дуьхьал яхначу буса Израилан тIеман кеманаша тохарш дина Газерчу ХАМАС-ан объекташна. Израилан тIеман ницкъийн векалша бина и хаам. Мел лахара а, Газера 4 снаряд арахецнера Израилна тIетоха аьлла, дийцина Израилан тIеман буьйранчаша. Цкъачунна цхьана а тобано динчу тIелатарх жоьпалла тIе ца лаьцна шена. Газан бахархоша дIахьедо, палестинхойн дозанаш Iалашдечу ХАМАС-ан тобанан кхаа объектна Израилан кеманаша тохарш дина хиларх. Израилан эскаран пресс-гIуллакххоша даредина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанехь ирхъоллавелла жимстаг

Инстаграмехь ша къола дина аьлла, шен цIе харцонца бехйинчул тIаьхьа, ша шена тIе куьйгдаьхьна Дагестанерчу вахархочо, хаамбо "Черновик" гIирсо. Зорбанашкахь меттигерчу вахархочо гIалин цхьана маьждигехь къола дина аьлла, даржийна хилла. Цул тIаьхьа кIентан гергарчара а, накъосташа а бехкаш даьхна хилла цуьнгара. Юцу юкъанна маьждиган имама къоладар бакъ дац аьлла, дIа а хьединера. Дагестанера вахархо шена цIе кхоллар ла а ца делла ирхъоллавелла, яздо зорбанехь. Зуда а, ши бер а дисина цуьнан. ... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *