Трампан шеко ю Iамеркан прокурорах
"Сан адвокаташа хаамийн гIирсашка язде кехаташ Iорадохучул а, демократашлахь коррупционераш лехча гIоле дацара?", - аьлла, билгладаьккхина президенто.
Байначу беттан чакхенехь Трампа дIахаийтинера, леринчу прокуроро бечу балхана ша реза цахилар. Iамеркан прокуроро Трампан адвокаташка 40 хаттар деллера, Оьрсийчоь 2016-чу шарахь Iамеркан президентан харжамашна югIагIортар толлуш. The New York Times газете кхачьнера и хеттарш.
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташкахь дIахьош таллам бу президентан харжамийн компани йоьдучу хенахь Оьрсийчоь юкъагIоьртина хилар шеконашка а эцна. Прокурора Мюллер Роберта кхелахойн шуьйра коллеги вовшахтоьхнера, харжамашкахь "Оьрсийчоьнан лар" лоьхуш. Кхечу пачхьалкхашкахь дIахьочу харжамашна ша юкъа ца гIерта аьлла, дIахьедира Москоха.