Саралиев: Iамош берг ненан мотт белахь иза Iамор тIехь хила деза
Оцу девне дирзинчу низаман проектан авторшна юкъахь ву Нохчийн Республикан цIарх Госдуман депутат волу Саралиев Шамсаил.
Ткъа хIинца шайн Iалашонах цхьаберш ца кхетта, боху цо хаам бо grozny-inform агенталло.
Госдуме проект кховдош депутатийн тобано юьхьарлаьцнера нена боцу мотт Iамор тIедожо ца деза цхьанна а аьлла, Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна хетарг.
Саралиевна хетарехь, Iамош берг ненан мотт белахь иза Iамор тIехь хила деза массерна а.
Вуьшта аьлча, нагахь дена-нанна шайн беро шаьш дехачу республикан къоман мотт Iамо ца оьшу аьлла хетахь, цара кехат яздан деза оцу хьокъехь, боху Сараливес.