Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 05.06.2018

Radiomarsho.com 

Путин Вене варна реза боцчийн гуламера

Iамерко а, Европан Берто а Оьрсийчоьнна тоьхна лелаш санкцеш а йолуш, Австрин Iедало Путин махка кхайкхарна реза бац цхьаболу меттигера автрихой а, тIебаьхкина беха нохчий, гуьржий, шемахой, украинахой, кхечу мехкийн мухIажирш. Шинарийдийнахь хиллачу гуламера ю Маршо Радион видеорепортаж.

Radiomarsho.com 

Нохчочунна урс тоьхна стаг лаьцна Инсбрукехь

Австрерчу Инсбрукехь полицино стаг лаьцна, масийтта де хьалха Нохчийчуьрчу 40 шо долчу мухIажирана урс тоьхна волу, яздо Кавказ.Реалиино. И зулам дарна бехке веш ву 25-шо долу овхIанхо. Болчу хаамца, и инцидент хилла Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь. Дов даьлла хилла цу шинан. Бага а тоьхна, дов дIадирзина лаьрра нохчочо букътоьхча тIехьаш урс тоьхна цунна жимачу стага. Чов хилларг ву дарбанан хIусамехь.

Radiomarsho.com 

Саралиев: Iамош берг ненан мотт белахь иза Iамор тIехь хила деза

Оьрсийчохь къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам кечдина Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо. Нагахь иза тIеэцахь, Iедало декхарелахь йийр яц школаш дешархошна ненан мотт Iамо. Буьйцург бац оьрсийн мотт. Оцу девне дирзинчу низаман проектан авторшна юкъахь ву Нохчийн Республикан цIарх Госдуман депутат волу Саралиев Шамсаил. Ткъа хIинца шайн Iалашонах цхьаберш ца кхетта, боху цо хаам бо grozny-inform агенталло. Госдуме проект кховдош депутатийн тобано юьхьарлаьцнера нена боцу мотт Iамор тIедожо ца деза цхьанна а аьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилбаседа Кавказ а, наркотикаш а

Маларш мийлар лахдинехь а, наркотикашца эвхьазбевлла кавказхой "Меларх цIена Оьрсийчоь" ("Трезвая Россия") юкъаралло арахецна 2017-чу шеран антинаркотикан рейтинг.  Юккъерчу меттигашкахь бу Къилбаседа Кавказера мехкаш. Наркотикашна дуьхьало ярца Къилбаседа Кавказехь бIаьрла ду сурт Нохчийчохь – 4-гIа меттиг. Ткъа цул а хьалха ю наркотикашца къийсам латторехь Архангельск, Чукотка, Волгоград. 8-чу меттехь ю Дагестан, 15-чохь – ГIебарта-Балкхаройчоь. ТIаьхьий-хьалий 25-чу, 26-чу меттигашка дIатаръелла ГIалгIайчоь, Адыгей. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мачаликашвилин гIуллакх шен тергаме оьцур ду гуьржийн премьеро

Гуьржийчоьнан премьер-министро Квирикашвили Георгийс ша тергаме оьцур ду аьлла, Мачаликашвили Темирлан верца доьзнарг. Цунах лаьцна хаам бина цу жимачу стеган ден Мачаликашвили Малхазан адвокато Кублашвили Мариама, хаам бо «Гуьржийчоь Онлайн» сайто. Адвокато дийцарехь, Мачаликашвили а, цуьнан адвокат а, ткъа иштта йозуш йоцучу вовшахтохараллийн векалш а цхьаьнакхийтира премьерца а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрца а. Билггала жамI ца хиллехь а, шайна дош делира премьеро шаьш хьалхатеттина хаттарш тидаме эца а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Марха достучу деношна балхах мукъабаьхна Нохчийчуьра бахархой

Нохчийчуьрчу Iедало мукъа денош кхайкхийна республикехь Мангалан-беттан 15-18 денош. Меттигерчу муфтиятан дехарца, цу хьокъехь леррина сацам тIеэцна Iедалан куьйгалхочо Эдельгериев Абубакара. Цуьнца цхьана, Нохчийчуьрчу диндайша цкъачунна билгалдаккхаза ду Марха досту де.

Radiomarsho.com 

Кадыровна тIелатар кечдинчу нахана юкъарваьккхина Ямадаев Iийса

Кадыров Рамзанна тIелатар кечдинчу нахана юкъарваьккхина Ямадаев Iийса, хаам бо Кавказ.Реалиино. Дуьхьал а воцуш, иза лаьцна ларар юхадаьккхина. Кадыров вен гIортарх лаьцна хаам бира «Новая газето» 2016-чу шарахь гуьйранна. Цу зорбанан гIирсо дийцарехь, Бенахь Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хIусамехь бомба йиллина хиллера цхьана наха. Нохчийчуьрчу Iедалша харц дира Кадыровна тIелетар кечдинера бохург. Амма 2017-чу шарахь Дечкен-баттахь цу хьокъехь бехктакхаман гIуллакх долийра талламхоша. «Новая газето» бинчу хаамца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

«Анжи» футболан тобанан коьрта тренер хIоттийна Адиев

ХIинжа-гIаларчу «Анжи» футболан тобанан коьрта тренер хIоттийна Адиев Мохьмад, хаам бо цу клубан зорбанан урхалло. Цуьнца контракт йина 2 шаранна. Керлачу тренеран бакъо ю шен штаб вовшахтоха. Соьлж-ГIалахь вина Адиев цхьацца шерашкахь левзира Несарарчу «Ингушетия» а, Дагестанерчу «Анжи-2» а, ХIинжа-гIаларчу «Анжи» а, Москох ЦСКА а, кхин йолчу а футболан клубашкахь. Оьрсийчоьнан футболан къоман тобанехь 4-зза левзина Адиев. Цу ловзаршкахь шозза буьрка чутоьхна цо. Адиевс тренеран болх болийна 2010-чу шарахь Лахарчу Новгородехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийн даарш а карадо базаршкахь

Зама хьалха хала дара базарахь вайнехан хIусамехь деш хуьлу даарш духкуш каро. ХIинца царех яьхна ю Соьлж-ГIалара а, кхечу меттигаршкара а базарш. Карабо кхача "ког-корта" тIера хьолтIамийн биста кхаччалц.

Radiomarsho.com 

Путина буьстина Донбассера а, Нохчийчуьра а тIемаш

Визитаца Австре воьдучу Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира журналисташна интервью луш буьстина Донбассера а, Нохчийчуьра а тIемаш. Украинин малхбалера конфликт дIаерзо сепаратисташна ша тайпа статус яла еза, боху цо, Москохо иза Нохчийн Республика хьокъехь дина ма хиллара. Австрерчу ORF телеканалана интервью луш Путина тIе ца дитира Оьрсийчоьно дIалаьцна ГIирма Украинина юхалур бохург. Цо иштта комментари йира 2014-чу шарахь «Боинг» чудаийтарна. Путина керста дира, некъахойн кема Оьрсийчоьнан «Бук» ракето чудаийтина аьлла... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *