Синойн мохь*
![Синойн мохь*](https://gdb.rferl.org/08D4AB64-C584-49F7-BC7A-C2029BF83951_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Синойн мохь*
Цхьана дийнахь хьехархочо тIедиллина шен дешархошна цIена тIоьрмигаш а, картолийн гали а да аьлла.
ТIаккха тIедиллина цо хIоранна а, цу гали чуьра картолаш схьаэца – шайн оьгIазло йолчу хIора стеган цIарах цхьацца.
Цул тIаьхьа дешархоша шаьш схьаэцначу хIора картол тIе шаьш гечдийр дац аьллачун цIе а, терахь а яздина, и картолаш тIоьрмигаш чуехкина. Цхьадолу тIоьрмигаш чIогIа деза а нисделла.
Шаьш доьлх-доьлхуче и тIоьрмигаш леладе аьлла, тIедиллина царна хьехархочо, дIадуьйшуш маьнги улло а хIиттош.
И тIормигаш текхор даз мел ло, дешархошна хаалуш хилла шайн синоша текхон мохь а.
Яхкаяла йолаеллачу картолийн хьожано а еш хилла новкъарло. Кхарах къехка буьйлабелла нах а.
Дукха хан ца езна бераш кхета, и тIоьрмигаш дIакхийсар гIоли ду, массо а метте уьш шайца текхочул а…