Iалашоне кхачар *
![Iалашоне кхачар *](https://gdb.rferl.org/603FC705-3CEB-4229-BD54-7E9ED3241204_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
Iалашоне кхачар *
Хьекъалчина тIевеана цхьа жимстаг:
– ХIун дан деза ас хьекъале хила?
Хьекъалчас жоп ца делла цунна. Масех дийнахь тIаьхьаваьлла лелла цунна жимстаг шен хаттарна жоп доьхуш. ТIаккха хьекъалчас шена тIаьхьа а хIоттийна, доьдучу хи йисте а вигна, хи кIорга долччеваьккхина. Белш тIера а лаьцна, хи буха таIийнчуьра хьалавалуьйтуш ца хилла хьекъалчас кIант.
Эххар а куьйгаш малдина хьекъалчас. КIант жима меттавеъча хаьттина:
– Сан кIант, хьуо хи бухахь волуш уггар а чIогIа сатийсам муьлха бара хьан?
КIанта ойла а ца еш жоп делла:
– ХIаваъ! ХIаваъ! Суна эшнарг хIаваъ дара!
– Цунна дуьхьал ахча, деши, дуьенан сийлалла езарий хьуна, сан кIант? – хоьттура хьекъалчас.
– ХIан-хIа, хьекъалан да, суна хIаваъ доцург хIумма а ца дезара, цуьнан бен ас ойла а ца йора, – дара дуьхьал хезнарг.
– Гой хьуна, – аьлла хьекъалчас, – хьайн Iалашоне кхача, хьуна иштта чIогIа лаа деза хьекъалча хила. И Iалашо а хIоттийна, цу тIе некъ бан беза ахь. Дийнахь а, буса а хьан дагахь хила еза и. Нагахь, хьекъалча хила ахь иштта къахьегахь, сан кIант, хьох хир ву хьекъалча.