Дуьхьалонан акци вовшахтоьхначарна таIзар дина Магасерчу кхело
Кхаарийн дийнахь Несарарчу полисхоша лецнера юкъараллан жигархой Ужахов Малсаг а, Богатырев Батыр а, Газгиреев Мухтар а. Царна бехке диллинарг дара Iедалша бакъо ца елла митинг вовшахтохар. Низам дохорна царах хIоранна а гIуда тоьхна, 10 эзар сом барамехь.
Цул тIаьхьа и нах дIахецна.