Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 07.06.2018

Radiomarsho.com 

Дагестанхой бу Кадыровга орца доьхуш

Дагестанан Iедалхоша ХIинжа-ГIалахь 300 цIа низамаш талхош дина ду аьлла. Царех ах хIусамаш дIахьакха сацам бина цара. Оцу гIишлошчохь шерашкахь бехачу наха шаьш къиза эцначу хIусамашчуьра арадевлла даха меттиг йолуш дац шаьш аьлла. Iедална ца хеза церан аьзнаш. Таро йоьхначу наха Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане гIо доьху.

Radiomarsho.com 

ФИФА-н рейтингехь вуно ледар ю Оьрсийоьнан футболан тоба

Дуьненаюкъарчу футболан федерацин (ФИФА) рейтингехь уггаре а ледара ю Оьрсийчоьнан футболан тоба. Цо дIалоцуш ю 70-гIа меттиг. Хьалха хиллачу версица Черчесов Станислава куьйгалла дечу футболхоша дIалоцуш яра 66-гIа меттиг. Цу рейтингехь уггаре дика жамI гайтина Оьрсийчоьно 1996-чу шарахь - 3-гIа меттиг. ФИФА-н рейтинган хьалханча юьсуш ю карарчу хенахь дуьненан чемпион йолу Германин футболан тоба. ШолгIачу меттехь бу бразилхой, кхоалгIа меттиг дIалоцуш бу Белгин къоман тобан футболхой.

Radiomarsho.com 

Ненан мотт ларбархойн митинг хилла Якутскехь

Оьрсийчоьнан "Дешарах" лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал митинг хилла Мангал-беттан 7-чу дийнахь Якутскан йистехь. Цигахь дакъалаьцна 150 гергга стага. Гулбеллачара тIедожийна Оьрсийчоьнан Iедалшна, къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам тIе ца эцар. "Сибирь.Реалиино" дийцарехь, митинг яхйелира шина сохьтехь гергга. Иза кечйеш юкъараллан жигархо дехна хиллера Iедалшка, шайн акци дIаяхьа гIалин юккъехь меттиг ло шайна аьлла. Амма эххаре а гIалин йисте хьажийна хиллера митингхой. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путинан 16-гIа «Прямая линия» телепрограмма хилла

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимирf бахархошца дIаяьхьна 16-гIа «Прямая линия» олу телепрограмма. 4 сохьтехь 20 минотехь цо жоьпаш делира Оьрсийчоьнан бахархойн 73 хаттарна.  Дерриге Путине даийтинера 2 миллион гергга хаттар. Коьртачу декъана уьш доьзна дара социалан проблемех а, экономиках а, спортах а. Президенте иштта хаьттира блогерша лелочух а, криптовалютах а, делах тешарх а, иштта дIа кхин дерг а.    Путин жоп дала ца кхиина хаттарш дIалур ду Оьрсийчуьрчу Iедалхошка.

Radiomarsho.com 

Террорхошна гIо дарна шеко йолуш нохчий лецна Австрехь

Терроризмана дуьхьал хиллачу операцехь Нохчийчуьра схьаваьлла масийтта стаг лаьцнера Австрин полицино Мангал-беттан 5-чу а, 6-чу а деношкахь, хаам бо Кавказ.Реалиино. Талламаш дIабаьхьнера Венехь а, Лахарчу Австрехь а. Iедалш шеко йолуш дара цара террорхошна ахчанца гIо дина хила мега аьлла.   Кавказ.Реалиин корреспонденто дийцарехь, 40 шо долу И. Асланбек цIе йолу стаг воцург лецнарш берш дIахецна, дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш а долийна. Талламан изоляторехь сацийнарг хьалха "Имарат Кавказна"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Ламан Аз" чемпионатехь тола дагахь ю

Оьрсийчоьнан футболан вовшахтоьхна тоба ю дегIан меженаш йоцчу спортсменашна юкъахь дIахьонйолчу дуьненан чемпионатехь толам баккха кечлуш. Дукхахболу футболисташ бу махкарчу "Ламан Аз" тобанара.

Radiomarsho.com 

Мундиран сий

"Э" Центран гIуллакхан хьокъехь бехкебечарна тIехIоьттина ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс

Radiomarsho.com 

Путинан 16-гIа «Прямая линия» ю дIайоьдуш

Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир бахархошца дIахьош ву шен 16-гIа «Прямая линия» олу телепрограмма. Цо жоьпаш луш ду Оьрсийчохь бехачу бахархойн хаттаршна. Иза дуьххьарлера цу тайпа конференци ю хIинца 6 шаранна президентан гIант дIалаьцначу Путинан, ткъа иштта 16-гIа ю иза 2001-чу шарахь дуьйна цо дIаяьхьначерах. Путина 11-зза жоьпаш делира мехкан бахархойн хаттаршна президентан даржехь а волуш, ткъа иштта 4-за дира цо иза премьер-министро санна. Программа дIахьочу журналисташа чIагIдарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестанхой бу Кадыровга орца доьхуш

ХIинжа-ГIалахь 300 цIа ду низамаш талхош дина аьлла, дIахьедар дина Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира. Ткъа оцу хIусамашкахь бехачара, шаьш и петарш кхаанхьа балха а лелаш, хала лол бетташ эцна ю боху, Маршо Радион WhatsAppе яийтинчу видео тIехь.

Radiomarsho.com 

Марха достуш тIалибашца тIом сацийна ОвхIанистанехь

Кху беттан 20-чу дийне кхаччалц тIалибашца тIом бар сацадо шаьш аьлла, дIакхайкхийна ОвхIанистанан президенто ГхIани Ашрафа. И сацам боьзна бу Мархийн бутт дIабоьрзуш хиларца. Делахь а офхIанхойн президенто цу маслаIат дарна юкъаръяьккхина кхин йолу тIеман тобанаш, шайна юкъахь "Исламан пачхьалкх" а, "Ал Кайда" а, кхин ерш а йолуш. ГхIанис шен дIахьедар дина, махкахь масcанхьа а исламан тобанийн тIелетарш шорлуш а долуш. ТIалибаша шайга кховдийначу машарна цкъачунна жоп делла дац.

Radiomarsho.com 

Мархийн сахьан барам билгалбаьккхина Нохчийчуьрчу муфтиято

2018-чу шарахь дала дезачу мархийн сахьан (закат ль-фитр) барам билгалбаьккхина Нохчийчуьрчу муфтиято. Кхушарахь иза хир бу хIоран доьзалан цIарх 3 кила кIа, ткъа, каффарат олу, хIора юкъахдаьллачу мархина дуьхьал долчу сахьан 1 кила кIа, хаам бо "Сhechnyatoday" агенталло. Цуьнца цхьаьна билгалдоккхуш ду лаам хилахь и рицкъ ахчанца дала мегаш хилар. Цу кепара кху шара сахь ду 10 туьма, ткъа 5 туьма ду марха юкъахдаларна луш долу сахь. Муфтиято билгалдоккху, бусулба нахана са хилийта, шаьш сахьан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Министр Магомадов: Нохчийчохь кхочуш еш ю 404 инвестицийн проект

Нохчийчохь карарчу хенахь кхочуш еш 404 инвестицийн проект ю аьлла, дIахьедар дина республикан территореш кхиаран министро Магомадов Iабдуллас. Цо чIагIдарехь уьш кхочуш еш республике тIеозийна ю 320 миллиард сом барамехь инвестицеш. Совдегарийн бакъонаш ларъярехула прокуратуро вовшахтоьхначу форумехь вистхуьлуш министро хаам бира Нохчийчохь 20 эзар белхан меттиг кхолла дагахь ду шаьш аьлла, даладо цуьнан дешнаш "Сhechnyatoday" агенталло.

Radiomarsho.com 

Дуьхьалонан акци вовшахтоьхначарна таIзар дина Магасерчу кхело

ГIалгIайчуьрчу Магасехь кху беттан 2-чохь митинг вовшахарна кхаа стаганна гIуда тоьхна цу гIаларчу кIоштан кхело. Цунах лаьцна хаам бина Кавказ.Реалиино. Кхаарийн дийнахь Несарарчу полисхоша лецнера юкъараллан жигархой Ужахов Малсаг а, Богатырев Батыр а, Газгиреев Мухтар а. Царна бехке диллинарг дара Iедалша бакъо ца елла митинг вовшахтохар. Низам дохорна царах хIоранна а гIуда тоьхна, 10 эзар сом барамехь. Цул тIаьхьа и нах дIахецна.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра а, Дагестанера а ши машен дуьхь-духьалкхетта Волгоградан кIоштахь

Некъахьовзам хилла Волгоградана 190 километр гергахь йолчу Камышинскан кIоштахь еарин буса сахьт долуш. Дуьхь-дуьхьалкхетта MAN а, Volvo а киранийн ши машен, хаам бо m.v1.ru сайто. Меттигерчу полицино бинчу хаамца, цу шина машенна урхалла деш хилла Нохчийчуьра а, Дагестанера а машенашлелорхой. Тешаш дийцарехь, некъахьовзам хилла Антиповка эвлана гергахь. Дуьхь-дуьхьалкхетар бахьана долуш цу шина машенан кабинаш яьгна. MAN-на урхалла деш хилла 40 долу а, Volvo-на хьалха хиина хилла 38 шо долу а ши стаг дийна висина. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *