Полшин футболхочо мийра тоьхна кIелхьараяьккхина журналист
![Полшин футболхочо мийра тоьхна кIелхьараяьккхина журналист](https://gdb.rferl.org/937A527B-492E-445E-B249-ABCFC33C61B9_cx0_cy8_cw76_w800_h450.jpg)
Полшин футболхочо кIелхьараяьккхина журналист, шен спортан карадерзарх пайда а эцна. Иза гойтуш видео гучуяьлла YouTube-хь.
Полшин къоман футболан тобанан дкъашхо волчу Паздан Михалаца интервью еш хилла корреспондент, цIеххьана телевизионан гIирс цунна тIебожа болабелча. Хьоьжуш а ца Iаш, цо мийра тоьхна шен метта юха дIахIоттийна иза.
Журналистана жимма хан эшна метта ян, цул тIаьхьа цушимма кхидIа яьхьна шайн интервью.