Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 10.06.2018

Radiomarsho.com 

Полшин футболхочо мийра тоьхна кIелхьарьяьккхина журналист

Полшин футболхочо кIелхьарьяьккхина журналист, шен спортан карадерзарх пайда а эцна. Иза гойтуш видео гучуяьлла YouTube-хь. Полшин къоман футболан тобанан дкъашхо волчу Паздан Михалаца интервью еш хилла корреспондент, цIеххьана телевизионан гIирс цунна тIебожа болабелча. Хьоьжуш а ца Iаш, цо мийра тоьхна шен метта юха дIахIоттийна иза. Журналистана жимма хан эшна метта ян, цул тIаьхьа цушимма кхидIа яьхьна шайн интервью.

Radiomarsho.com 

Полшин футболхочо мийра тоьхна кIелхьараяьккхина журналист

Полшин футболхочо кIелхьараяьккхина журналист, шен спортан карадерзарх пайда а эцна. Иза гойтуш видео гучуяьлла YouTube-хь. Полшин къоман футболан тобанан дкъашхо волчу Паздан Михалаца интервью еш хилла корреспондент, цIеххьана телевизионан гIирс цунна тIебожа болабелча. Хьоьжуш а ца Iаш, цо мийра тоьхна шен метта юха дIахIоттийна иза. Журналистана жимма хан эшна метта ян, цул тIаьхьа цушимма кхидIа яьхьна шайн интервью.

Radiomarsho.com 

Iела Мохьаммадна геч дан дагахь ву Трамп

Боксёрна Iела Мохьаммадна геч дан дагахь ву ша, иза арме ца воьдуш дуьхьал валарна аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Доналда, хаам бо ВВС-но. Амма, ма дарра аьлча, Iела геч дар оьшуш вац – цунна дина таIзар юхадаьккхина 1971-чу шарахь, яздо цу зорбанан гIирсо. Iелица цхьаьна Трампа ша геч дан дагахь ву боху кхин "эзарнаш нахана". Буьйцурш муьлш бу ца дийцина Iамеркан президенто. Iела Мохьаммадна хан кхайкхийра 1967-чу шарахь, тIом боьдучу Вьетнаме эскарехь гIуллакх дан вахарна дуьхьал валарна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шаьш патриоташ хеташ бу 92% Оьрсийчоьнан махкахой

Кху тIаьхьарчу 18 шарахь ца хиллачу кепара алсамдаьлла Оьрсийчохь шаьш патриоташ хетачу нехан дакъа. Цунах лаьцна хаам бина юкъараллана хетарг толлучу ерриг Оьрсийчоьнан центро (ВЦИОМ). Оццул чIогIа шаьш патриоташ хеташ бацара цу пачхьалкхан бахархой, 2014-чу шарахь ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа а. Оцу шарахь ВЦИОМ-мо шозза бира цу хьокъехь таллам, амма патриотийн гайтам 81% а, 82% а бен бацара. ТIаьххьара патриотийн терахь къастийра ВЦИОМ-о 2016-чу шарахь. Цуьнан жамI дара - 80 % талламехь дакъалаьцна нах.

Radiomarsho.com 

Мохк бегийна Нохчийчохь

Мохк бегийна Нохчийчохь, 4,5 магнитуда (ницкъан гайтам) а йолуш. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан Iилманан академин юкъарчу гIуллакхо. Говзанчаша дийцарехь, Iалам меттахдалар хилла 10 чакхарма лаьтта бухахь кIиранан буса 0 сахь 49 минот яьлча. Мохк бегоран юкъ хилла Iаьлара эвлан йистехь. Вийна а, лазийна а стаг ву я кхин бохам хилла аьлла хаам ца кхаьчна Нохчийчуьра.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра 39 шо долчу стаге бехк кховдийна Парижехь

Парижехь суьдхочо 39 шо долчу нохчочуьнга бехк кховдийна, адамашна ницкъ барца доьзна хIуманаш лелорна. Цунах лаьцна хаам бина Франс Пресс Агенталло (АFP). Бехкевийриг а, зуьнан хIусамнана а лаьцна хилла дIадаханчу кхаарин дийнахь Францин юккъерчу Пюи-де-Дом а, Мозел (малхбале) а департаменташкахь. Шоьтан дийнахь зуда дIахецна, цхьа а бехк а ца кховдош. АFP агенталло дийцарехь, лаьцна волчо дакъа а лоуш, адамашна ницкъ бар Iалашонца (терроран) тоба кхоллар хьокъехь таллам дIахьош бу. Хьалхо цу агенталло хаам бинера... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *