ПIаьнказахь марха дестинчул тIаьхьа дуьхьалонан акцеш йолош ю
Цо бахарехь, де хьалха "Рустави 2" телекомпанин эфирехь комиссин декъехь волчу "Европан Гуьржийчоь" оппозицин партин лидере масийтазза хаьттира Мачаликашвилин гIуллакхах.
"Шена хаттар ца хезча санна тесна дитира цо. Цуьнан бала боцуш гIуллакх ду иза", - дIахьедина вийначу кIентан дас Руставелин проспектехь дIахьочу дуьхьалонан акцехь оршотдийнахь журналисташка.
"Темирлан вийна, и бакъ ду. Сан кIант террорхо хилла аьлла, дIакхайкхийна, иза верал а деза ду суна тIекхоьллинарг. Сан кIант террорист цахилар бакъ дай, Iедалхоша шайгара гIалат даларна даре а дина, бехке мел волчунна таIзар дан деза", - аьлла Мачиликашвили Малхаза, хаамбо Маршо Радион гуьржийн сервисо.
Дас бахарехь, марха даьстинчул тIаьхьа жигара йохур йолуш ю акцеш ПIаьнказахь.