Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июнь
2018

Новости за 11.06.2018

Radiomarsho.com 

Дуьненан чемпионатна бойкот кхайкхийна цхьа могIа пачхьалкхаша

Оьрсийчохь бакъонаш ларъярх лаьцна хIоттийначу резолюци юкъа дипломатин бойкотах долу дакъа дало дагахь бу Европан парламентан депутаташ. Евробертан Iедалан векалшна чемпионате хьовса цабахар хьоьху Европарламенто. Цунах лаьцна хаамбира Маршо Радион Брюсселерчу корреспонденто Йозвяк Рикарда. Хьалхо дуьненан чемпионатна бойкот кхайкхорах дIахьедира турниран еа пачхьалхкан-декхашхочун хьаькамаша. Великобританин премьер-министро Тереза Мэйс хаамбира Зазадоккхучу-баттахь, Солсбери гIалахь ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Туркойчуьра баьхкинчу лоьраша маьхза дарба дийр ду нохчашна

БIаьрса меттахIоттош бIе сов операци йийр ю Туркойчуьра баьхкинчу лоьраша Нохчийчоьнан бахархошна. "Дуьненчуьра лоьраш" юкъараллан организацино йолийначу проектан гурашкахь болор бу говзанчаша шайн болх. Цул совнах, лоьраша консультацеш а дIахьур ю бахархошлахь. Кху шарахь туркойн делегаци юкъахь бIаьргийн специалисташ хилла ца Iаш, травматолог-ортопед а хир ву. Гуьмсерчу дарбан цIийнехь маьхза тIеоьцур бу лоьраша дархой. Иштта проектца а догIуш, Нохчийчуьра лоьраш кхаьчна Истанбуле а. Туркойн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

СагIа дехарна дуьхьал къийсам болийна ГIалгIайчоьно

Юкъараллехь цадогIург лелорна дуьхьал пропаганда йолийна ГIалгIайчохь аьлла бу мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша бина хаам. Кху шеран пхеа баттахь Малгобекан кIоштахь кхо меттиг билгалбаьлла кхиазхой сагIа деха юкъаийзош. Бехкзуламан гIуллакхаш прокуратурано листинчул тIаьхьа кхеле хьовсор долуш ду. Мархийн Рамадан баттахь Къилбаседа Кавказерчу мехкашкахь сагIадоьхурш алсамбовлар тидаме эцна Iедалхоша.

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIала Ифтаре кхойкху бахархой

Оршотан суьйранна Соьлжа-ГIаларчу Коьртачу маьждигна уллорчу майданахь Ифтар ду дIахьош. Рамаданан 26 - чу буьйсанна нахе марханаш дастийта шаннаш хIиттош ду регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Муьлххачу а республикан кIошташкарчу бахархойн таро ю масаьрца а цхьана марха даста. Ифтар доладале цхьа сахьт хьалха зуькар дийр ду, Мовлад доьшур ду, Далла хасатамаш беш. Марха даьстинчул тIаьхьа нашидаш олуш, барам кхи дIахьур бу.

Radiomarsho.com 

Вильнюсехь Немцовн сквер йиллина

Литварчу Вильнюсехь Оьрсийчоьнан векалтна дуьхьал оппозиционеран Немцов Борисан цIарах сквер йиллина, дагалецаман у а тухуш. Вильнюсан гIалин кхеташоно оцу хьокъехь сацам тIеийцира Стигалкъекъа-беттан 23-чу дийнахь. Церемонехь дакъалецира Литван бахархоша а, Керстан демократийн партин векалша а. Литвара Оьрийчоьнан векало Удальцов Александра гIалин Iедалхойн сацам "нийса бац" аьлла. Шайна луъучун цIарах урамаш дахкар Литван чоьхьара гIуллакх ду, амма шена цатовриг - Оьрсийчоьнан векалтна уллохь и сквер еллар аьлла оьрсийн дипломато. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ПIаьнказахь марха дестинчул тIаьхьа дуьхьалонан акцеш йолош ю

Гуьржийчоьнан ницкъахоша ПIаьнказахь лерина операци дIахьочу заманчохь вийначу 19 шо долчу Мачаликашвили Темирланан дас Мачаликашвили Малхаза ша резацахилар дIахаийтина, Тбилисехь ах шо хьалха ши кхиазхо вер таллархьама пачхьалкхан парламентехь кхоьллинчу талламан комиссино шен кIентан гIуллакх тесна дитарна. Цо бахарехь, де хьалха "Рустави 2" телекомпанин эфирехь комиссин декъехь волчу  "Европан Гуьржийчоь" оппозицин партин лидере масийтазза хаьттира Мачаликашвилин гIуллакхах. "Шена хаттар ца хезча санна тесна дитира цо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Тбилисехь дIахьош ю протесташ, лаьцна масех жигархо

Оршотдийнахь Тбилисехь дIахьочу протесташкахь лаьцна виъ стаг, шайлахь акци вовшахтоьхна Куправа Звиад а волуш. Административан къепе йохорна бехкевина Куправа а, цуьнца лецна кхоъ а аьлла, хаамбо ГIуьржичйчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь. Куправа дуьхьал хилла полисхойн тIедожар кхочушдан. Руставелин проспектерчу парламентан гIишлонна хьалха машенаш дIасалелачу некъа тIе хIиттинера гуламхоша шайн палаткаш. Хьалха шьаш хиллачу парламентана хьалхарчу майдане дехьаяха палаткаш аьлла, тIедожийнера полицино протестхошка. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къизачу мехийн бутт

Марха досту де герга мел гIерта а деста юуучун мехаш Нохчийчохь Базаршкахь ду кху деношкахь адам. Iуьрре арабовлий, сарралц кхача хоьржу наха. Иштта дукха адам лаьтта йийбар а, духар а духкучу меттигашкахь – верриг а ву Дезачу Денна кечлуш. Ши кIира гергга хан ю юуучун мехаш лакхадийла доьлла. Уггаре хьалха деста дуьйладелира массо а хIуманал дукха мархин шуьнехь оьшучу котамийн, хасстоьмийн, стоьмийн мехаш. 250 сом бара хьалхо котаман мах, хIинца иза шина-пхеа туьманна бистина. ХIора шарахь а нисло мехаш 200-300% хьаладоьлхуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьрчу хьехахь шира кешнаш хааделла

Нохчийчоьнан лаьмнашкахь экспедици дIахьочу ГIирмерчу "Оьрсийн географин юкъараллана" хьехахь шира кешнаш карийна: ТIерхи, Вилах, Ялхаре, хаамбо Vistanews. Ерриг а карийнарг ю 2-чу а, 4-чу бIешерашкара кхо меттиг. Хьехахь карийна тархаш тIера суьрташ а, беллачийн даьIахкаш, йийбар, мацахлера цIеран дакъош а. Iилманчаша бахарехь, иштта хьехахь хааделла масех маьлхан каш а, царех ах талорхоша дIасакхехьна. Талламчаша дIахьедо, оцу карийначу хIуманаша нохчийн исторех керла  агIонаш йоьллург хиларх.

Radiomarsho.com 

Назарера 29 шо долу вахархо лачкъийна полисхоша

Назранерчу 29 шо долчу Алиев ИбрехIиман цIийнах хьаьжна, цунна етта а йиттина, иза лаьцна дIавигина полисхоша аьлла, бакъонашларъярхошка хаамбина кIентан шичас. Иза тешна ву, цуьнан хIусамехь карийна боху куьйга йина бомба а, граната а полисхоша тесна ю аьлла. Назранерчу вахархочо Алиев Султана кехаташ кхехьийтина шайн стаг лачкъийна вигарх цхьа могIа бакъонашларъяран организацешка, ишта хаам кхаьчна "Мемориале"а, ГIалгIайчоьнан  омбудсмене а, ницкъаллийн структурашка а, дийцина "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Несарара 29 шо долу вахархо лачкъийна полисхоша

Назранерчу 29 шо долчу Алиев ИбрехIиман цIийнах хьаьжна, цунна етта а йиттина, иза лаьцна дIавигина полисхоша аьлла, бакъонашларъярхошка хаамбина кIентан шичас. Иза тешна ву, цуьнан хIусамехь карийна боху куьйга йина бомба а, граната а полисхоша тесна ю аьлла. Назранерчу вахархочо Алиев Султана кехаташ кхехьийтина шайн стаг лачкъийна вигарх цхьа могIа бакъонашларъяран организацешка, ишта хаам кхаьчна "Мемориале"а, ГIалгIайчоьнан  омбудсмене а, ницкъаллийн структурашка а, дийцина "Машр" организацин куьйгалхочо Муцольгов Мохьмада. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бахархоша тIехьерчийна коммуналан декхарш дIатекхна Кадыровн фондо

Рамадан баттахь Нохчийчуьрчу 3 эзар вахархочо тоьках тIехьарчийна декхарш дIаделла Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо аьлла, хааме даьккхина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Кху мархийн безачу баттахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президентан Кадырова Айманин сацамца миска бохкучу 3000 эзар вахархочун гулделла даккхий декхарш дIаделла", - аьлла куьйгалхочо. Бу царлахь заьIапхой, бобераш, баккхий доьзалш болу хIусамаш а. "Хьенах ахча охьадиллина, муха, хьан хIиттийна таро йоцучийн тептарш хууш дац цхьанна а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Политикан тутмакхаш маьршабахар доьхуш митинг хилла Москох

"Репрессеш, ницкъбар доцчу Оьрсийчоьнехьа" цIе тиллина Москохарчу Сахаровн цIарахчу проспектехь кIирандийнахь Iедалан пурбанца митинг дIаяьхьира оппозиционераша а, бакъонашларъярхоша а. Интерфаксан корреспонденто дийцарехь, митинган декъашхоша резолюци тIеийцира, ницкъаллийн структурашка нахана тIехь Iазап латтор дитар а, политикан бух тIехь чохь латтош болу тутмакъаш маьрша бахар а тIе а дожош. "Оха тIедожадо политикан тутмакхаш, мацалла кхайкхийна Сенцов Олег а, Титиев Аюб а, кхиберш а дIахецар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мисарара футболан тоба Соьлжа-ГIалахь дIатарйина

Мисарара футболан тоба Соьлжа-гIала кхачарах хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана кIирандийнахь шен Telegram-каналехь. "Соьлжа-ГIалин аэропортехь делкъанна охьадоьсина Мисаран футболан тоба ялош кема. Футболан фанаташ гIадбаханера Салахь Мухьаммад гIоле веана а, 2018-чу шеран дуьненаюкъарчу чемпионатехь дакъалоцуш хилларна а. Пхи седа болчу The Lokal хьешан цIийнехь дIатарйина тоба. "Ахмат - Арена" стадионехь кечамаш бийр бу цара чемпионатна. Маьрша догIийла Оьрсийчу", - аьлла, яздина Кадыровс социалан машанехь.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *