Бахархоша тIехьерчийна коммуналан декхарш дIатекхна Кадыровн фондо
"Кху мархийн безачу баттахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президентан Кадырова Айманин сацамца миска бохкучу 3000 эзар вахархочун гулделла даккхий декхарш дIаделла", - аьлла куьйгалхочо. Бу царлахь заьIапхой, бобераш, баккхий доьзалш болу хIусамаш а.
"Хьенах ахча охьадиллина, муха, хьан хIиттийна таро йоцучийн тептарш хууш дац цхьанна а. Цхьа къайлах хIоттийна схема ю-кх иза, массара а дуьйцуш цунах, амма билггал хууш хIума а доцуш", - аьлла "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте Совман цIе яьккхинчу Соьлжа-ГIалин яхархочо.