Дуьненан чемпионатна бойкот кхайкхийна цхьа могIа пачхьалкхаша
Великобританин премьер-министро Тереза Мэйс хаамбира Зазадоккхучу-баттахь, Солсбери гIалахь ГРУ-н хиллачу эпсарна Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлияна а дIавш далар бахьана долуш, паччахьан доьзалш а, Британин министраш а Оьрсийчу боьлхуш цахиларх.
Царна тIетайра Исланди а. Чемпионат схьайоьллучу церемони ша гIуриг цахиларх тIаьхьо дIахаийтира Полшин президенто Дуда Анджейс а.
Дахначу еаридийнахь Оьрсийчу шаьш гIур дац элира Австралин Iедалхоша а.

