Кадыровна жоп дитина шоумено Слепаковс
![Кадыровна жоп дитина шоумено Слепаковс](https://gdb.rferl.org/9BCA2A54-4819-46AF-95A9-CB91D33E163E_w800_h450.png)
Ша хьошалгIа кхайкхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жоп делла актеро, иллиалархочо Слепаков Семена. "Инстаграмерчу сан агIонан терго мел ечунна баркалла. Суна тIетовш комменташ йитинчарна а, дуьхьал хиллачарна а баркалла. Иштта баркалла ала лаьа Рамзан Ахматовична байташ язъярна а, со хьошалгIа кхайкхарна а", - яздина Слепаковс.
Нохчийчу шен вахар пайден хир ду аьлла хета шоуменна.