Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 14.06.2018

Radiomarsho.com 

Австрехь мухIажирш байинчарна 25 шераш тоьхна

Кхо шо хьалха Малхбалерчу Австрехь фургончохь садукъдала мухIажирш битинчу контрабандхошна набахтехь даккха 25 шераш хенаш тоьхна. Венгрин кхело бина и сацам, фургон лелораш шайн махкара Австрин территори тIе бовларна. Ши шо хьалха Австрин полицина некъан йистехь лаьттачу кир кхоьхьучу машенчохь 71 мухIажиран декъий хааделлера, шайлахь бераш а долуш. Йовхонехь нах бала а битина, бевддера машенан долахой. Шаьш балале хьалха фургончуьра арабийла гIиртина хиллера уьш, кузовна чухуларчу тIерсигна тIерачу лелхарша гайтарехь. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровна жоп дитина шоумено Слепаковс

Ша хьошалгIа кхайкхинчу Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна жоп делла актеро, иллиалархочо Слепаков Семена. "Инстаграмерчу сан агIонан терго мел ечунна баркалла. Суна тIетовш комменташ йитинчарна а, дуьхьал хиллачарна а баркалла. Иштта баркалла ала лаьа Рамзан Ахматовична байташ язъярна а, со хьошалгIа кхайкхарна а", - яздина Слепаковс. Нохчийчу шен вахар пайден хир ду аьлла хета шоуменна.

Radiomarsho.com 

Шемарчу дарбан хIусамашна гIо кхачийна Нохчийчоьно

Уггар миска нах бехачу Шемарчу Демаьшкан Касиюн кIоштарчу дарбан цIенна гIо кхачийна Нохчийчуьрчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо. Бахархойн цергаш маьхза тояйтархьама дантистан гIант хIоттийна шаьш аьлла, хааме даьккхина махкарчу Iедалхоша. Цара билгалдаккхарехь, тIаьххьарчу кхаа дийнахь 10 эзар сов шемахошна кхачан-сурсаташца а, бедаршца а гIо кхачийна фондо. Цул совнах, хIора сарахь марха даста аьттонаш а бина церан аьлла, яздина Кадыровс ВКонтактерчу шен агIон тIехь.

Radiomarsho.com 

"Дисней" студи кино йоккхуш ю нохчочун сценарий тIехь

"Disney" компанино "Ирсе истореш" цIарца дIахьочу конкурсехь юха а толам баьккхина нохчийн сценаристо Агаев Шемала. Халкъо бинчу харжамца 50 тоьллачу декъашхошла ваьллера Агаев, цул тIаьхьа жюрино къастийра иза шаьш дагальцначу "Ирс ду - …2" филман бух билла. Кинон сюжет забаре ю. Чулацамца а догIуш, йохка-эцаран туьканахь цхьанакхета, цкъа мацах вевзаш хилла ши стаг. Цушинна дага ца догIу, муха, маца, мичахь шаьшиъ вевзинера. Дагадаийта гIерташ дIадоьду шина накъостан доллу де. Эххар а цхьахволчун коьрте эккха... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Европарламент оьгIазе ю Мисарара футболхой Нохчийчохь совцарна

2018-чу шеран Дуьненан чемпионат йоьдучу юкъанна Нохчийчохь куп тохарна протест кхайкхийна Европарламентехь. ФИФА-н президенте кехат дахьийтина цу хьокъехь 36 депутато, хаамбина Маршо Радион корреспонденто Изовяк Рихарда Твиттерерчу шен агIон тIехь. Зорбане даьккхинчу кехат тIехь тидаме эцна тIаьххьарчу иттех шерачохь, Кадыров Рамзана Нохчийчоьнан урхалла дечу заманчохь, оцу махкахь адамийн бакъонаш ларъеш цахилар а, Iедална критика йинарг таIзаре валийна ца Iаш, бакъонашларъярхошна а, журналисташна а тIаьхьабевлла лелаш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Буденновскехь хилла аьлла набахте воьлли кхи цхьа нохчо а

1995-чу шарахь Буденновскна тIелатар динчу Басаев Шемалан тобанехь хилла аьлла, бехкевинчу Нажин-Юьртарчу 46 шо долчу Даудов Бадруддина Ростов-гIаларчу Къилбаседа Кавказан тIеман кхело набахтехь даккха 14 шо хан кхайкхийна, хаамбо "Интерфакс-Юг" хьостано. Дукха шира гIуллакх ду иза бохуш, Даудовн адвокато дехар дира кхелахошка, иза бехкалара ваккха аьлла. Басаевс тIелатар динчу заманчохь Даудов Буденновскехь гинера бохуш, ден тоьшаллаш къайлабаьхьначу наха деш хилар а, тергоне эцнера адвокато. Кхелан процессехь адвокато тоьшаллаш далийра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийн режиссер Говорухин Станислав кхелхина

Оьрсийчоьнан актер, режиссер, Думан депутат Говорухин Станислав кхелхина. Еаридийнахь бина и хаам парламентан лахарчу палатин спикеро Володин Вячеслава. Цо тIечIагIдарехь, еххачу хенахь цамгаро лаьцна вара иза. "Вертикаль", "Место встречи изменить нельзя", "Ворошиловский стрелок", "Благословите женщину" цIераш йолчу киношчохь ролаш ловзийна Говорухина. 2011-чу шарахь Путин Владимир хоржучу штабан куьйгалле хIоттийра иза, ткъа 2016-чохь пачхьалкхан Думан депутат хаьржира. 1995-чу шарахь коьртехь Говорухин Станислав а волуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Паспорт дIа ца даьккхина, делахь а, тхаьш цхьаьннан долахь долуш санна-м хета"

Дагестанехь полицино махкара ара ма бовла аьлла Оьрсийчуьра дуьненан футболан чемпионат чекхъяллалц "тешаме боцчийн тептара" баьхначаьрга а, экстремизмца, терроризмца доьзна набахтеш текхначаьрга а. Бехктакхаман кодексан 208-гIачу артиклца (низамехь йоцу тIемалойн тоба кхоллар а, цуьнан декъавахар а) набахтехь хан текхначу стагера даьккхина мукIарло гойту шен телеграм-каналехь цхьана дагестанхочо. Мохьмад цIе йолчу стага дош ло Мангал-беттан 10-чу дийнера Товбеца-беттан 20-чу дийне кхаччалц Дагестанера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iедалхоша дIасайоькъучу хIусамех шеконаш лаьтта бахархойн

Соьлжа-гIалахь тховкIело йоцчу 48 доьзална петарш елла шаьш аьлла, дIакхайкхийна махкарчу Iедалхоша. Оцу юкъанна бахархоша дийцарехь, рогIехь хьоьжуш ву хIинца а 14 эзар стаг. Царна хетарехь, социалан хIусам ялар – кхаж балар санна хIума ду. Iедалхоша шаьш къаьсттина къоьллехь болучарлахь дIасаекъна боху хIусамаш. ХIетте а бахархоша доьху хьаькамашка, мискачарна хIусамаш шаьш йоькъучу хенахь дийриг довза а довзуьйтуш дар. ХIусамаш Кадыровн цIарахчу фондо екъна сагIина аьлла, дIахьедина. "Пачхьалкхан декхар и хилча, стенна юьйцу фонд? Читать дальше...

Radiomarsho.com 

СагIин мах базбора йовхоно

Шайна гергахь чекхболучу Дагестан, Нохчийчоь цхьаьнаюзучу некъа тIехь Мархийн баттахь кест-кеста хиш, кхача боькъура некъахошна Гезлой-Юьртарчу кегийнаха. СагIанаш кхаьчна цаьргара хийла уьш бевзаш абоцчу дагестанхошна а, махкахошна а. РогIехь оцу юьртарчу кегийрхоша сагIадеш тоьшалла ду хIара видео.

Radiomarsho.com 

"Мемориалан" офисе полисхой баьхкинера, Титиевх лаьцна спектакль йирзича

Кхаарин суьйранна Титиев Аюбах лаьцна спектакль йирзинчул тIаьхьа хьовсархой чуьра ара а баьхна, "Мемориалан" офисах хьоьвсина полисхой, чохь бомба ю йоьллина аьлла, хаам кхаьчна шайга аьлла. Информаци бакъ ца хиллера аьлла бакъонашларъяран центран белхахоша. Маршо Радионо яздира, Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" офисан куьйгалхочух Титиев Аюбах лаьцна гайта спектакл кечъеш хиларх. Кхаарин суьйранна YouTube-хь хьажа таро яра цуьнга Москохарчу хенаца - суьйранна ворхI сахьт даьлча. Кху шеран Дечкен-баттахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дийнна баттахь маьждигехь ламазаш динчарна совгIаташ дина Соьлжа-ГIалахь

Рамадан беттан юьххьехь Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министралло дIакхайкхийна хиллачу республикан акцин жамIаш дина еарин Iуьйранна. Мархийн бутт чекхбаллалц хIора Iуьйренан ламаз Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигехь динчу 14 шаре кхаччалц болчу кхиазхошна совгIаташ лур ду аьлла, кхайкхийнера хьукмато. Барам вовшахтоьхначара бахарехь, 40 гергга беро дийнна баттахь Iуьйренан ламаз маьждиге а оьхуш, дира. Царна массарна а совгIаташ дина, ткъа 10-нна велосипедаш елла. "Кадыровн цIарахчу фондан чоьтах дина ду совгIаташ"... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Пенси воьду хан тIетохарна дуьхьал бу бахархой

Пенси воьду хан тIетохарна шаьш дуьхьал дуйла хаийтина 92 процент Оьрсийчоьнан бахархоша. 8 процент тIетайна керлачупенсин реформина. "Керланаш" агенталло бина и хаам, "Ромир" холдинган талламийн жамIашна тIе а тевжина. Iедалан лаам тайна 18-24 шаре кхаччалц болчу кегийрхошна. 58 % бахархоша 60 шаре бевлла божарий пенси баха беза аьлла. Зударий пенси боьлху хан тIекхочу церан 55 шо кхаьчча аьлла хьажам бу 62 процент хаттамехь дакъалаьцначеран. 29 процентна хетарехь, 50 шо дуьзча балхара саца еза зуда. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Firdaws" модан цIийно 100 коч совгIатна елла

Рамадан  беттан тIаьххьарчу дийнахь  Соьлжа-ГIаларчу "Firdaws" модан цIийно шайн тIаьххьарчу коллекци юкъара 100 коч совгIатна дIасаекъна махкарчу кIоштаршкарчу зудаберашна. ВКонтактерчу шен агIон тIехь республикан куьйгалхочо хаамбарца, регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондан президентан Кадырова Айманин лаамца совгIаташ дина хиларх. "Фондан чоьтах дIасаекъна кучамаш. Кадырова Iайшата куьйгалла дечу "Firdaws" цIийно арахоьцучу духарша дуьне цецдаьккхина дукха хан ю. Кхааридийнахь совгIаташ... Читать дальше...


Библиотеки Подмосковья подготовили подборки школьной литературы к лету

Поп-ап, магазины и кафе: что открыли российские бренды этой весной

Член ОП Данюк: США внутри СБ ООН будут голосовать против признания Палестины

Shot: маньяк Гриценко выйдет на свободу спустя 22 года заключения



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

В Подмосковье подвели итоги регионального конкурса «Советник года — 2024»

Песков назвал экспроприацией решение ЕС по замороженным активам России

Фестиваль современной поэзии «Русский слог» состоится в Подмосковье

С начала года московские инфоцентры для туристов приняли почти 250 тысяч человек

Музыкальные новости

Футбол Беларуси. Минское «Динамо» сразилось с «Шахтером» из Солигорска

Азербайджанцев оправдали за убийство спортсмена Евгения Кушнира в Самарской области. Делом заинтересовался глава Следкома РФ А. Бастрыкин

Появился трейлер исторического детектива «Плевако» с Сергеем Безруковым в роли легендарного российского адвоката  

Свыше 600 навалов мусора устранили в Подмосковье за неделю

Новости России

В ЖК «Дом у озера» округа Ступино введен в эксплуатацию малоэтажный дом

Vantage Foundation и Teach For Malaysia продвигают образование детей коренных народностей

Shot: маньяк Гриценко выйдет на свободу спустя 22 года заключения

Фестиваль современной поэзии «Русский слог» состоится в Подмосковье

Экология в России и мире

Коломна

Дорожные ирригаторы Revyline RL 660 New Black скоро появятся в представительстве бренда в Улан-Удэ

ТОП-10 продуктов, необходимых для здоровья щитовидной железы

Создание Сайтов. Создание веб сайта. Создание сайта html. Создание сайтов цена. Создание и продвижение сайтов. Создание сайта с нуля. Создание интернет сайта.

Спорт в России и мире

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Российский теннисист Медведев опустится на строчку в рейтинге ATP

Рахимова прошла во второй круг турнира WTA в Рабате на отказе Таунсенд

Потапова не смогла пробиться во второй круг турнира WTA в Страсбурге

Moscow.media

Bluetooth-сканер штрих-кодов SAOTRON P04 на базе CMOS-матрицы

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

ТСД SAOTRON RT-T50: высокопроизводительный терминал сбора данных промышленного класса

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *