"Дисней" студи кино йоккхуш ю нохчочун сценарий тIехь
Кинон сюжет забаре ю. Чулацамца а догIуш, йохка-эцаран туьканахь цхьанакхета, цкъа мацах вевзаш хилла ши стаг. Цушинна дага ца догIу, муха, маца, мичахь шаьшиъ вевзинера. Дагадаийта гIерташ дIадоьду шина накъостан доллу де. Эххар а цхьахволчун коьрте эккха, дуккха а шераш хьалха вовшийн вон чам а бойуш, шайн довзар хилллийла. Муха ю филман чакхе хаа таро хир ю тIедогIучу шеран бIаьста кино прокате яьккхича.
Маршо Радионо хьалхо яздира, шен 22 шо долчу хенахь The Walt Disney компанино кхайкхийначу сценарийн конкурсехь а толам баьккхина хиларх Тюменехь вехачу нохчочо Агаев Шемала.