Дийнна баттахь маьждигехь ламазаш динчарна совгIаташ дина Соьлжа-ГIалахь
![Дийнна баттахь маьждигехь ламазаш динчарна совгIаташ дина Соьлжа-ГIалахь](https://gdb.rferl.org/457687FA-6510-4413-83E5-0A0C7EC52C11_cx0_cy3_cw0_w800_h450.jpg)
Рамадан беттан юьххьехь Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министралло дIакхайкхийна хиллачу республикан акцин жамIаш дина еарин Iуьйранна. Мархийн бутт чекхбаллалц хIора Iуьйренан ламаз Соьлжа-ГIаларчу коьртачу маьждигехь динчу 14 шаре кхаччалц болчу кхиазхошна совгIаташ лур ду аьлла, кхайкхийнера хьукмато. Барам вовшахтоьхначара бахарехь, 40 гергга беро дийнна баттахь Iуьйренан ламаз маьждиге а оьхуш, дира.
Царна массарна а совгIаташ дина, ткъа 10-нна велосипедаш елла. "Кадыровн цIарахчу фондан чоьтах дина ду совгIаташ", - аьлла, дIакхайкхийна министраллан урхалхочо Ибрагимов Iийсас.