Путинна а, Гергарчу Малхбаленна а юкъахь юкъарло лело лууш вац Кадыров
Ша аьлча, хьехош дерг ду футболан дуьненан чемпионат йоьдучу юкъана Нохчийчохь Мисаран футболан тоба дIатаръярца доьзнарг.
Кадыровна цатайнарг ду Британерчу The Guardian-о цу хьокъехь яздинарг. Газетана хетарехь, Путинна а, Гергарчу Малхбаленна а юкъахь юкъарло лелош хилар Iалашоне кхача яьккхина гIулч ю Кадыровс Мисаран къоман футболан тоба Соьлж-ГIалахь тIеэцар.
Кадыровс иза бакъдоцург ду боху. Цо билгалдоккху, дазорг Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла хилар а, ткъа ша дерриг а Оьрсийчоьнна оьшург дан дезаш хилар а.
"Шуна иза товш дацахь, дан гIо дац сан, цу диагнозца даха дезар ду", - яздина Кадыровс шен Телеграм-каналехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.