Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 19.06.2018

Radiomarsho.com 

Махках волуш Абдулатиповн ваша лаьцна Москох

Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан белхахоша Москох лаьцна Абдулатипов Раджаб, Дагестанан куьйгалхо хиллачу Абдулатипов Рамазанан ваша. Цунах лаьцна хаам бина "Интерфаксо". Болчу хаамца, Абдулатипов лаьцна махках вала дагахь аэропорте ваханчохь, цо деза зулам дина хила мега аьлла шеко йолуш. Иза хIун зулам ду дуьйцуш дац.  Абдулатипов Раджаб Оьрсийчоьнан Федералан миграцин гIуллакхан Дагестанерчу декъан куьйгалхо хилла ву 2006-2016-чу шерашкахь. Цул тIаьхьа иза хилира Дагестанан Халкъан гуламан депутат.

Radiomarsho.com 

Доза хадо оьшучу паспортан мах хьалабаьккхина Пачхьалкхан Думо

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо къобалйина доза хадо оьшучу паспортах а, машен лело бакъо лучу кхузаманахьлерчу кехатах а луш долчу ахчанан барам алсамбаккхарх лаьцначу низаман проект. Цунах лаьцна хаам бина  "Медуза" сайто. Цу низаман проектца а догIуш, махкал араволучу паспортан мах хир бу 5000 сом. Цу тайппа берашна луш долчу паспортах доккхур ду 2500 сом. Пластикан машенлелорхочуьнан кехатан мах хир бу 1500 сом. Керла низам тIеэцале паспортах даккхара 3500 сом, ткъа машенлелорхочуьнан кехатан мах бара 2000 сом.

Radiomarsho.com 

Путин 2024-чу шарахь юха а президент висийта лууш бу ах сов бахархой

Левада-центро шен талламан юкъаозийна ах сов Оьрсийчуьра бахархой бу 2024-чу шарахь хан чекхяьлча Путин Владимир юха а президент хила лууш. Цунах лаьцна яздо "Ведомости" газето.   27% респонденташ дуьхьал бу кхин дIа а Путин президент висарна.   Стохка 63% Оьрсийчура бахархой бара 2018-чу шарахь, хан чекхяьлча а, Путин Владимир юха а президент хилийта лууш. И терахь оццул доккха хилла дацара 2012-чу шеран ГIадужу-баттахь дуьйна. Диъ шо хьалха Путин 2018-чу шарахь а президент хила лууш бара 34% бахархой.

Radiomarsho.com 

Путинна а, Гергарчу Малхбаленна а юкъахь юкъарло лело лууш вац Кадыров

Iаьрбийн пачхьалкхашца йолчу шен юкъаметтигашна комментари йина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо чIагIдарехь, Малхбузерчу зорбанан гIирсаша харц хаамаш баржош бу цуьнан цу юкъаметтигех лаьцна, яздо Кавказ.Реалиино. Ша аьлча, хьехош дерг ду футболан дуьненан чемпионат йоьдучу юкъана Нохчийчохь Мисаран футболан тоба дIатаръярца доьзнарг. Кадыровна цатайнарг ду Британерчу The Guardian-о цу хьокъехь яздинарг. Газетана хетарехь, Путинна а, Гергарчу Малхбаленна а юкъахь юкъарло лелош хилар... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шема ваха дагахь хиларна чувоьллина Соьлж-ГIалара вахархо

Нохчийчохь Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело, кхо шо колонехь даккха хан а тоьхна, чувоьллина Шема тIаме ваха дагаахь хилла меттигера вахархо. Талламхойн версица, 2017-чу шарахь цу махка ваха дагахь араваьлла хилла иза стохка аьхка. Амма, кечамаш беш а волуш, иза лаьцна ницкъаллин структурийн белхахоша. Кхо шо колонехь даьккхинчул тIаьхьа и стаг декхарелахь вина кхин а цхьана шарахь дIаса ца волуш ша вехачу меттигехь ваха. "Кавказский узело" яздарехь, тутмакхо хан токхур ю чIагIйина раж йолчу колонехь.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь пенсе воьду хан хуьйцур яц бохург харцдина Кадыровн зорбанан секретаро

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан зорбанан секретаро Каримов Iаьлвис харцбина, пенсе воьду хан Нохчийчохь хуьйцур яц аьлла, Кадыров Рамзанан цIарах баржийна хаам. Цо дийцарехь, Нохчийчоь, кхин йолу регионаш санна, Оьрсийчоьнан субъект ю, пачхьалкхехь тIеоьцуш долу низамаш кхочуш дан дезаш йолу, хаам бо ИА REGNUM агенталло. Интернетерчу социалан машанехь пенсе воьду хан тIехьатоттур яц аьлла, яржийна информаци пуьташ а, питана а ду боху Каримовс. Оршотан дийнахь цхьамогIа зорбанан гIирсаша яздинера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Къилба ХIирийчоь: юьртарчу вахархочо ток йоккхийла йина

Къилба ХIирийчуьрчу вахархочо Варзиев Ашхара шен долахь гидроэлектростанци йина. Хьалха сих-сиха ток йоцуш йисара церан Джимара юрт. Ткъа хIинца и проблема дIаяьлла: цуьнан ГЭС-о лун ток маьхза кхочу юьртхошна.

Radiomarsho.com 

Титиев дIахьецар дехна Iамеркан Пачхьалкхан департаменто

Iамеркан Пачхьалкхан Департаменто кахайкхам бина Оьрсийчоьнан Iедалшка, "Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхо Титиев Оюб а, ткъа иштта политикан тутмакх лоруш волу Сенцов Олег а, Клых Станислав а дIахеца аьлла. Iамеркан дипломатин хьукматан векло Нойерт ХIизера дийцарехь, Цхьаьнатоьхна Штаташ сагатдеш ю Титиевн а, Сенцовн а, Клыхан а, кхин болчу харцонца чубоьхкинчу нехан кхоллам хьокъехь. "Оха кхайкхам бо Оьрсийчоьне, синхонца дIахеца аьлла, массо а политикан тутмакхаш лерина я динан бух тIехь чубоьхкина нах"... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *