Немцов вер кхин дIа а толлуш ду
Талламхой тIаьхьакхиа гIерташ бу Немцов вуьйш лелийна зуламхоша герз мичахь дIадиллина бохучунна. Амма коьрта Iалашо ю иза вейтар вовшахтоьхнарг мила ву къастор.
Цу Iалашонца вуно чолхе тIеIаткъам ловш бу колонешкахь Немцов верца доьзначу гIуллакхехула чубоьхкина латтош болу нах.
Дадаев Заур ву Иркускан кIоштахь ИК-3 колонехь, Губашев Анзор ву Карелерчу ИК-9 колонехь, Бахаев Хьамзат ву ИК-11 колонехь. Иза ю Кирово-Чепецкехь. Ткъа Губашев Шадид ву Лабытнангерчу ИК-8 колонехь.