Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 20.06.2018

Radiomarsho.com 

Нохчийн меттан гIаролхо

Нохчийн мотт, шен хила богIучу филологин гурашка а боккхуш, тIаьхьенашка дIалучу, къоманна эшаре хьаьжча, дукха а боцчу Iилманчех ву Солтаханов ИбрахIим – Нохчийн Университетан филологин факультетан декан. Кху муьрехь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума ю школашкахь берашна, оьрсийниг Iамийчхьана, кхидолчу къаьмнийн меттанаш хьехар тIерадоккху низам кечдеш. Амма дац и низам ИбрахIимах хьакхалуш – иза цкъа а реза хир вац нохчий шайн мотт Iамо декхаре бац бохучуьнца.

Radiomarsho.com 

1500 боьхна доьзал меттахIоттийна шаьш, боху Нохчийчуьрчу муфтис

Боьхначу 1500 доьзалан барт а беш, уьш юха вовшахтоьхна шаьш аьлла, хаам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане муфтис Межиев Салахьа. Цунах лаьцна яздо Кавказ.Реалиино. Нохчийчуьрчу хIора а гIалахь, кIоштахь белхаш дIахьош ю Iедало цу Iалашонца кхоьллина леррина комиссеш.   Амма церан болх цхьатерра реза хиларца т1еоьцуш бац республикехь. Баъхархошна хетарехь, цу наха лелориг 1едал нехан чоьхьарчу дахарна юкъагIертар ду.

Radiomarsho.com 

Зуламхойн хьалханча Гагиев Аслан Оьрсийчу дIахьажийна Австрин полицино

Зуламхойн тоба кхолларна лоьхуш хилла Гагиев Аслан (Джако) Оьрсийчу дIахьажийна Австрин Iедалша. Цунах лаьцна хаам бина, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн зорбанан сервисо. Кавказ.Реалиино дийцарехь, Гагиевна бехке дуьллуш ду иттаннаш нах байарехь дакъалацар, шайна юкъахь ницкъаллин структурийн белхахой а, лаккхара даржаш дIалоцуш хилла Iедалхой а, бевзаш болу совдегарш а болуш. Масийтта шо хьалха къайлавала аьтто белира Гагиевн. 2014-чу шарахь ГIадужу-баттахь иза дуьненаюкъарчу лехаме веллера Оьрсийчоьно. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гуьржийн боксер Хурсидзе бехке лаьрра Нью-Йоркерчу кхелехь

Нью-Йоркан кIоштан кхелехь цхьамогIа зуламаш дарна бехккъасторхоша бехке лаьрра гуьржийн хилла боксер Хурцидзе Автандил. Цу хьокъехь хаам баржийна Iамеркан юстицин департаменто, яздо "Грузия Онлайн" агенталло. Цунна догIуш долу таIзар дIакхайкхор ду суьдхочо Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь. Хурцидзен бехктакхаман гIуллакхехула жоьпе озийна ву "къуйн баьчча" лоруш волу Шулая Ражден. 40 шо долу Шулая вевзаш ву "Брат" а, "Рома" а, "Ражден Питерский" а олучу цуьнан накъосташа шайлахь йоккхучу цIершца. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ПIаьнказахь Ден де "билгалдаьккхира" Мачаликашвилис а, Саралидзес а

Мачаликашвили Темирлан бехкецахилар дIа а кхайкхадай, иза вуьйш спецопераци вовшахтоьхначарна таIзар дар доьхуш, акци дIаяьхьира оршотдийнахь ПIаьнказан чIожехь. Изза акци хIоттийнера Тбилисехь а.

Radiomarsho.com 

Немцов вер кхин дIа а толлуш ду

Оьрсийчоьнан Талламан комитет а, Федералан кхерамазаллан сервис а (ФСБ) юха а талла йолаелла политик Немцов Борис вер хьокъехь долу бехктакхаман гIуллакх. Цунах лаьцна хаам бо "Росбалт" агенталло. Талламхой тIаьхьакхиа гIерташ бу Немцов вуьйш лелийна зуламхоша герз мичахь дIадиллина бохучунна. Амма коьрта Iалашо ю иза вейтар вовшахтоьхнарг мила ву къастор. Цу Iалашонца вуно чолхе тIеIаткъам ловш бу колонешкахь Немцов верца доьзначу гIуллакхехула чубоьхкина латтош болу нах. Дадаев Заур ву Иркускан кIоштахь ИК-3 колонехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Абдулатиповс харцдина шен ваша лацар

Дагестанан куьйгалхо хиллачу Абдулатипов Рамазана харцбина шен ваша Раджаб Москох аэропортехь лаьцна аьлла баржийна хаам. Иза шеца ву Ломан Алтайхь, боху цо. 2006-2016-чу шерашкахь Оьрсийчоьнан Федералан миграцин гIуллакхан Дагестанерчу декъан куьйгалхо хилла волу, цу республикан Халкъан Гуламан депутат Абдулатипов Раджаб махках волуш ФСБ-н белахалоша лаьцна аьлла, хаам баьржинера "Интерфаксо" шинарин дийнахь. Ткъа хIинца Абдулатипов Рамазана и хаам баржийнарш цунна вониг лууш болу нах бу аьлла, оццу "Интерфакс" агенталлана интервью луш.

Radiomarsho.com 

Къаьмнийн меттанех лаьцна низам къобул дина Пачхьалкхан Думо

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо шинарин дийнахь хьалхарчу дешарехь тIеэцна къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту низам. "Дешарах лаьцна" низаманна тIехь цу хьокъехь оьшуш болу хийцамаш барехьа кхаж тесна 373 депутато, дуьхьал хилла кхоъ, шен оайла ца йовзийтина цхьаммо. Дуьхьал кхаж тесначарна юкъахь вац Къилбаседа Кавказера цхьа а депутат.  Кхушарахь Оханан-баттахь Пачхьалкхан Думе кховдийначу цу низаман проекто къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту. Цу тIехь яздина ду "Оьрсийчоьнан... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *