Къаьмнийн меттанех лаьцна низам къобул дина Пачхьалкхан Думо
Кхушарахь Оханан-баттахь Пачхьалкхан Думе кховдийначу цу низаман проекто къаьмнийн меттанаш Iамор бахархойн лаамехь дуьту. Цу тIехь яздина ду "Оьрсийчоьнан Федерацин пачхьалкхан меттана эшам а беш", Iама бойла дац къоман мотт аьлла.
Оьрсийчохь дехачу къаьмнийн "ненан мотт" Iамо йолчу бакъонах лаьцна аьлча, проектца а догIуш, и бакъо кхочуш йийр ю "дешаран системо лушчу аьттонех пайда а оьцуш, мотт Iамочунна а, цуьнан дена-нанна а луург тидаме а оьцуш. Керлачу низамо декхарелахь бо дешархой а, церан дай-наной а шайн лаам кехатца тIечIагIбан.