Гуьржийн боксер Хурсидзе бехке лаьрра Нью-Йоркерчу кхелехь
Цунна догIуш долу таIзар дIакхайкхор ду суьдхочо Гезгмашин-беттан 21-чу дийнахь.
Хурцидзен бехктакхаман гIуллакхехула жоьпе озийна ву "къуйн баьчча" лоруш волу Шулая Ражден.
40 шо долу Шулая вевзаш ву "Брат" а, "Рома" а, "Ражден Питерский" а олучу цуьнан накъосташа шайлахь йоккхучу цIершца. И стаг хьалха Европехь а лаьцна хилла ву, 2013-чу шарахь Европоло цхьаьнаметта масийтта пачхьалкхехь, шайна юкъахь Итали а, Литва а, Чехи а, Португали а, Франци а, Венгри а йолуш, операци дIахьош.
Хурцидзе декъашхо хиллачу криминалан вовшахтохараллан декъашхошна бехке дуьллург ду нуьцкъала ахча даккхар а, бозбунчаллаш лелор а, нуьцкъала декхарш схьадахар а, талораш дар а, ахчанах адамаш дайар а, наркотикаш йохкар а, герз дохкар а.
Гуьржийчуьра а, Оьрсийчуьра а, Украинера а махкахоша кхоьллина зуламе вовшахтохаралла гучуяьккхира Iамеркан федералан Iедалша цхьа шо гергга хьалха. Цу гIуллакхехула Федералан талламан бюрон белхахоша лаьцна ву 30 гергга стаг.
Хурцидзен 39 шо ду. Боксах леташ цо 33 толам баьккхина, 2-зза эшна иза, шозза цо дакъалаьцна латар дIадирзина толамхо воцуш.
Болчу хаамца, Хурцидзе чуволла мегаш ву 40 шо гергга хан а тоьхна.