Бакаевн верас хила кийча ву Украинин депутат Чубаров
Чубаровна хетарехь, Бакаевна тIаьхьадаьлла Оьрсийчуьра Iедала политикан бахьанашца.
Росгвардина тIелатар дина хиларна, шеконашкахь латточу Бакаевс Украинан миграцин хьукмате политикан тховкIело йоьхуш, дехар дина. Маршо Радионе цунах лаьцна хаам кхачийна, Киеверчу Лукьяновскан СИЗО-хь латточу Бакаевс.
Бакаевн гIуллакх дIадахьар шена тIелаьцна ООН-ан мигрантийн гIуллакхашкахула йолчу урхаллан "Iалашван бакъо" цIе йолчу партнеро-организацис.
Нохчийчуьрчу Росгвардин тIеман декъанна тIелатар дарна бехкево Бакаев Iела Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша.
Стохка дуьйнна Каирехь ваьхна, Киевн гергарчу "Борисполь" аэропорте кхаьчча ши бутт хьалха дIалецира Бакаев. Цуьнан хIусамнана а, бер а дуьхьало а йоцуш Украине чудитира.
Невран кIоштарчу Росгвардин декъанна тIелатар динера стохка бIаьста. Полисхоша чIагIдарехь, Нохчийчуьрчу 6 вахархочо динера и зулам. Росгвардин 6 эскархо вийнера хIетахь, кхаанна чевнаш йинера.
Иштта, официалан версица, тIелатар дина ялххе а вийнера.