Социалан машанехь репосташ ярна зуламан жоьпалла тIедожор юхаэцар доьху депутаташа
Репосташ ярна депутаташа 10 эзарна тIера 20 эзар соьме кхаччалц гIуданаш деттар, я 100 сахьтехь пачхьалкхана белхаш байтар, я 15 де-буьйса даккха чохь сацор хьоьху.
Иштта депутаташа доьху Зуламан кодексан 282-чу артикл тIехь а хийцамаш бар. "Нагахь зулам тIехь ницкъбеш, я кхерамаш а туьйсуш динехь" тIаккха зуламан жоьпалла тIедожош, хийцамаш бар хьоьху цара. 282-чу артикло 6 шаре кхаччалц набахтехь яккха хенаш тоха магадо.
ТIаьххьарчу заманчохь оцу артиклца а догIуш, социалан машанашкахь лайкаш хIитторна а, репосташ ярна а жоьпалле озийна бIе стаг, ткъа церан терахь денна кхуьуш догIу.
2012-чу шарахь 130 стагна кхел йина, 2017-чу шарахь бехк хьарчийра 461 вахархочух.