Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Июнь
2018

Новости за 26.06.2018

Radiomarsho.com 

Изоляторера ара ца волуьйту Титиев Оюб

Титиевн а, цуьнан адвокатийн а рогIера арз листина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Сацамбина иза кхидIа а изолятор чохь латто. Оцу хьокъехь дийцира адвокато Заикин Петра.

Radiomarsho.com 

Берлинехь зуда йина нохчо велла дIаваллалц набахте воьллина

Стохка гурахь Тиргартен паркехь 60 шо долу Сюзанна Ф. ерна Берлинан кхело велла дIаваллалц чохь яккха хан тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу 18 шо долчу Илесана. Стохка Гезгамашин-баттахь шен доттагIашца самукъа а даьккхина, цIа йогIучу зудчунна дуьхьал ваьллачу жимчу стага садукъийна йийнера иза, цуьнгара телефон а, 2 евро ахча чохь долу тIормиг а боккхуш. Иштта Сюзаннин пIелгара мухIар а даьккхинера цо. Шен хIусамнана цIа ян хьеелча, полици орца даьккхинера цIийндас. Жимма хан яьлча Полшехь хааеллера зудчуьнгара яьккхина телефон. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Асад тIелетча 45 эзар хIусамо дIатесна шайн хIусамаш

Шеман Къилба-Малхбузехь тIаьххьарчу деношкахь марсабуьйлучу тIамех уьдучу 45 эзар стага дIатесна шайн хIусамаш. ООН-о далийна и терахьаш. ГIаттамхоша дIалецначу кIошташна тIелатарш до шемахойн президентан Асадан эскарша. Ярташкахь бомбанаш еттарх а баьржа хаамаш. Тергамчаша бахарехь, Оьрсийчоьнан авиаци а цхьана ю тохаршкахь дакъа лоцуш. Урдунца долчу дозане дIагIоьртина кIошташкара мухIажирш. Шемара масех бIе эзар стаг шаьш тIелаьцна, цундела таро яц шайн кхи дIа нахана тховкIелонаш яла бохуш, дIахьедо оцу пачхьалкхан Iедалша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиев чохь вуьтуш сацам бина кхело

Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб чохь сецаварна кхело бинчу сацамна дуьхьал чуделла арз жоп доцуш дитина Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело. Адвокаташа чукхачийнера Титиевн хьокъехь арз. Бакъонашларъярхочунна дозанаш деттар къиза ду аьлла, апелляци тIехь адвокаташа дехнера барам кIадбар. Титиев лаьцна вуьсу карабогIучу беттан 9-чу кхаччалц. Карладоккху, Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Титиев Аюб. Цуьнан машен чохь марихуана карийна аьлла, бехкево иза Iедало. Бакъонашларърхочо а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хазбиев Мохьмад: "Со шуна ноькка вац, соьца иза чекхдер дац"

Акиев Тимур Магасерчу кхело листа долийна гIалгIайн оппозиционерна Хазбиев Мохьмадна дуьхьал айдина дов Кхел ян гулбелла го, бериг а, хийцийта гIоьртира бехкевечун адвокаташ, гIуллакх ца хилира. Хазбиев Мохьмад жоьпалле ийзо волийра 2015-чу шарахь, ткъа ши бутт хьалха кхачийна талламчаша дов кхеле. Юьхьанца оппозиционер бехкевора чохь герз латторна – иза карийна боху цIийнах хьовсуш. Талламо - харцо, Iедало - шена зен дарна кхоьруш, махкара ведда, кхаа шарахь Нохчийчохь Iийра иза. Цигахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Несарахь герзаш диттинарш лоьхуш бу Iедало

Несарарчу политехникан колледжна уллохь герзаш диттина, ши стаг лазийна зуламхо лоьхуш ву, хаамбо мехкан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. ШолгIачу версица, колледжан студенташлахь иккхина конфликт. Маршо Радионо яздира оршотдийнахь, Несарарчу колледжна уллохь герзаш диттина, шина стагна чевнаш йина аьлла. Политехникан колледжна гена доццучехь дийнахб 11 сахьт долучу хенахь иккхинера и инцидент. Доьшийлан хьосташа а, чоьхаьрчу гIуллакхийн министраллан векалша а кеп-кепара дуьйцу хиллачух. ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

СаIудийн Iаьрбийчохь хилла доцург: зуда-машенлелорхо

Шайн мехкан исторехь цкъа а ца лелларг гойтуш, тоьшалла кечдина кху йоIа: 2018-чу шеран Мангал-Беттан 24-гIа буьйса, саIудахойн зударшна дуьххьара машен лело бакъо ялар. Хьалха машен лело яьхьначу зудчунна тоха тарлора, низамца а догIуш, 500-900 риална гIуда ($133-240).

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан омбудсмен Киеве яхана

Оьрсийчоьнан президентан цIарах адамийн бакъонаш ларъян векал йина Москалькова Татьяна Киеве кхаьчна. "Укринформ" агенталлан хаамашца, шинаридийнахь иза цхьанакхета езаш яра Киевехь дезертир ву аьлла, кхел йинчу украинхойн хиллачу эскархочуьнца Одинцов Максимца. Украинан Iедалхоша пачхьалкхана ямарт ваьлла аьлла, бехкевинчу "Керланаш Украина" агенталлан коьртачу редакторна Вышинский Кириллна тIехIотта дагахь яц Москалькова. Оцу юкъанна омбудсмен цхьанакхета Iалашо йолуш ю оьрсийн "Норд" траулеран экипажца цхьанакхета... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Социалан машанехь репосташ ярна зуламан жоьпалла тIедожор юхаэцар доьху депутаташа

Интернетехь репосташ ярна зуламан жоьпалла тIедожор юхаэцар доьхуш пачхьалкхан Думе низаман проект кховдийна аьлла, документ зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан лахарчу палатан парламенто. Цуьнан авторшна Шаргунов Сергейна а, Журавлев Алексейна а хетарехь, керланаш, хаамаш социалан машанашкахь баржоро юкъараллана кхи доккха зен дойла яц, цундела зуламдар цунах олийла дац. Репосташ ярна депутаташа 10 эзарна тIера 20 эзар соьме кхаччалц гIуданаш деттар, я 100 сахьтехь пачхьалкхана белхаш байтар, я 15 де-буьйса даккха чохь сацор хьоьху. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

10 эзар вахархочунна дихкина Оьрсийчуьра аравала

Махкара 10 эзар сов вахархо карарчу хенахь пачхьалкхера аравала бакъо йоцуш висина. Коммуналан декхарш а, банкан кредиташ а, диттина гIуданаш а дIатакхаза хиларна республикерчу кхелан пурстоьпийн урхалло ханна дозанаш диттина церан дIасабахарна. Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана хьо декхар велахь, Оьрсийчуьра аравала ца магадо. Нагахь алименташ дIа ца делла я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а туху дозанаш. Iорадаьхначу терахьашца... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлжа-ГIалин керла мэр ву

Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран мэран декхарш ханна кхочушдан хIоттийна мехкан куьйгалхочун йишин кIант Закриев ИбрехIим. Шен Телеграм-каналехь бина и хаам Кадыров Рамзана. Соьлжа-ГIалин думан кхерчахь дIаяьхьначу кхеташонехь къастийра гIалин мэран даржехь Хучиев Муслима шен декхарш кхочушдар хенал хьалха сацор а, иза премьер-министран гIента дехьаваккхар а. "Депутаташа декъалвира Хучиев Муслим, цо бинчу балхана даггара баркалла а олуш. Шахьаран мэран декхарш ханна кхочушдийр ду Закриев ИбрехIима... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Би-би-си": Нохчийчуьрчу Iедалан коьртехь Кадыровн 158 стаг

Оьрсийн "Би-би-си" гIирсан журналисташа багарбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Iедалан урхалле хIиттийна цуьнан гергара нах. Нохчийчоьнан урхаллан йоллу система бохург санна йоьзна ю Кадыровца а, цуьнан гергарчаьрца а. "Би-би-си" хьостан статистикаца, Нохчийчуьрчу 158 баккхийчу хьаькамашлахь 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % юьртахой, ткъа йисина 12 процент дIалаьцна куьйгалхочун доттагIаша а, церан гергарчара а. Ша Кадыровс а къайлахьош дац, жоьпаллин даржашка шен "хьомсара вежарий" ша хIиттош хилар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохийчохь вийначу шина полисхочун сий дийр ду Саратовн Iедалхоша

Соьлжа-ГIаларчу килсана гIаттмахоша динчу тIелетарехь вийначу Саратоверчу шина полисхочун Рахметов Кайратан а, Горсков Владимиран а цIераш дагахьлаттийта гIалин Толаман паркехь тIемашкахь эгначу меттигерчу бахархошна хIоттийначу чуьрта тIе язйийр йолуш ю карабогIучу беттан 1-чу дийнахь. Саратовн кIоштан чоьхьарчу  политикан, юкъараллашца лелочу юкъаметтигийн министраллан пресс-секретаро Волшаник Анжелас бина и хаам. Цо билгалдаккхарехь, оцу дийнахь беллачийн доьзалашна совгIаташ дIакхачор ду. Стигалкъекъа-беттан... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Краснодарера Соьлжа - ГIала аьчган некъ биллар дехна Путине Кадыровс

Краснодарера Соьлжа-ГIала валош тIехсихаллин аьчган некъ билла аьлла, дехар дина Оьрсийчоьнан президенте Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цхьадолчу хьасташа даржорехь, 2025-гIа шо тIедале некъ бина балийта Iалашо ю Кадыровн, яздо "Коммерсанто". Газетано бахарехь, экономикан а, транспортан а министраллашна проект кечъяр тIедиллина Путина. Оцу юкъанна, экспертийн шеконаш ю, аьчганекъан магистраль оьшуш хиларх, экономикехула хьаьжча. Цара ларарца, 1 триллион сом оьшу и проект кхочушъян, ткъа и дукха ахча ду бюджетна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кенхехь ворхI шо долу кIант хино ваьхьна

Нохчийчуьрчу Шарой кIоштарчу Кенхехь шен цIенна гена доццучу хи чу вахна велла 7 шо долу кIант. Махкарчу Талламан комитето билгалдаккхарца, республикехь дахначу кIиранах кхин а кхо бер делира оццу бахьанашца. Бохам зен буьйлабелла талламчаш. Шен накъосташца цхьаьна хин йистехь ловзучу заманчохь, галваьлла, хи чу воьжнера кIант. Гергахь воккханиг цахиларна, кIелхьара ваккха аьтто ца баьлла иза. Бохам хиллачу меттигна 200 метар генахь карийна кIентан дакъа. Маршо Радионо яздира, Шелан кIоштарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Дагестан: Бес-бесара зударийн кучамаш

Масех шо ду Алиева Марем ХIинжа-ГIалара Москох дIакхелхина. Амма де а ца долу цо даймохк бицбина – ша духаран дизайнер хиларе терра, кхуллу, даржадо Дагестанерчу зударийн духар. "Кавказ.Реалиин" дехарца Марема доцца дийцира ша кхоьллинчу кучамех лаьцна.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *