10 эзар вахархочунна дихкина Оьрсийчуьра аравала
Федералан низамца а догIуш, 30 эзар сом пачхьалкхана хьо декхар велахь, Оьрсийчуьра аравала ца магадо. Нагахь алименташ дIа ца делла я цхьаьннан могушаллина зен дарна, я бахам хIаллакбина хьаьрчина ахча 10 эзар соьме кхочуш делахь а туху дозанаш.
Iорадаьхначу терахьашца, банкан кредиташ бахьана долуш дозанал аравала йиш йоцуш ву Нохчийчохь 5 эзар стаг.
Цхьа эзар сов ву коммуналан ял гулъелларг, алименташ а, кхидолу гIуданаш а такха дезаш ву 114 вахархо.