Хинан къоьлла бахьана долуш митингаш йолийна гIажароша
Протестхой гулбеллачуьра яржийначу видео тIехь хезаш ду дуьйлу герзаш, лазийна, вийна стаг ву вац хоуьйтуш дац цкъачунна. Хи тоьаш ца хиларна митингаш хIиттийра Абадан гIаларчу губернаторан резиденци хьалха а байначу беттан 20-23 чу деношкахь. Керла хинан биргIанаш дIахIиттийна евллачул тIахьа масех кIира даьлча хинан тоам хир бу аьлла, дIахьединера Хузестан провинцин хьаькамаша.
ГIажаройн Iедалхошна критика ечара бахарехь, Iедалхойн бала цахиларна шо шаре лахделла охьаоьху хиш.

