Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июль
2018

Новости за 01.07.2018

Radiomarsho.com 

Хинан къоьлла бахьана долуш митингаш йолийна гIажароша

ГIажарийчуьрчу Коррамшар гIалахь меттигерчу бахархойн тасадаларш хилла полисхошца хинан къоьлла бахьана долуш. ИРНА агенталлан хаамашца, протестхоша Iедална критика еш лозунгашца маьхьарий а диттина. БIаьргаш Iовжон газ хецна гулбеллачарна дуьхьал полисхоша, шайна тIулгаш детта буьйлабелча. Буса сахиллалц къепе йохош, арахь лаьттина нах. Протестхой гулбеллачуьра яржийначу видео тIехь хезаш ду дуьйлу герзаш, лазийна, вийна стаг ву вац хоуьйтуш дац цкъачунна. Хи тоьаш ца хиларна митингаш хIиттийра... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь некъан бохамехь диъ адам лазийна

ГIалгIайчуьрчу "Магас" аэропортна гена йоцчу Сунжехь тIеман "Урал" машен а, "Газель" а вовшахкхетта хиллачу бохамехь лазийна виъ стаг, ду царлахь кегий бераш а, хаамбо "Интерфаксо". "Некъан бохамехь лазийна цхьа зуда а, кхо бер а Сунжа кIоштарчу дарбан цIийне кхачийна", - яздина "ГIалгIайчоь" хьостано.

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь шайн эгначу эскархойх кино яьккхина гIалмакхоша

Нохчийчуьрчу шолгIачу тIамехь а, Къилбаседа Кавказехь контртерроран операцешкахь а эгначу ГIалмакхойчуьрчу эскархойх лаьцна документалан "Со юхавирзича -3" кинон презентаци хилла Элистахь. Байинчийн наноша латкъамбина, шайн доьзалийн тахана а тIеман гIуллакх деш кхелхинчийн статус цахиларх, оцу бахьанашца пачхьалкхан дукхачу хьелех пайдаэца таро яц шайн цахиларх а. Хьалхо зорбанаша даржийра, стохка Iай "Со юхавирзича -3" филм яккхар ханна дIатеттина, ахча цахиларна аьлла. Нохчийчохь ГIалмакхойчуьра тIемаш бинчийн гергарчара дIахьедора... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мисаран футболан ассоциаци ахча лачкъорна бехкееш ю

Дуьненан чемпионатна хьажийна пачхьалкхан I, 8 миллион доллар ахча дохкарна шеконашка эцна Мисарара футболан ассоциаци. Sportboxru гIирсо бина и хаам. Мисаран инарла прокуроро Садек Набила гIуллакх таллар тIедожийна талламчашна. Erem News хьостано, инарла прокуроран дIахьедарна тIе а тевжаш яздо, турнирехь хиллачу Мисаран векалша 1 миллион 800 эзар доллар ахча лачкъийна, Нохчийчохь куп тоьхначу тобан хьашташна дайина шаьш а аьлла. Цу хьокъехь иск чуелла Мисарарчу адвокато Ан-Нимр Мухьаммада.... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Коммуналан ял тIекхетта Оьрсийчохь

Министрийн кабинетан лаамца Оьрсийчохь коммуналан ял тIекхеташ ю кIирандийнахь дуьйнна 4 процентна. Инфляци сацорхьама шарахь цкъа коммуналан барамна индексаци еш ю шаьш аьлла, кхетадо цара. Къаьсттина мах лакхабаьккхина Москохан, Новгородан кIошташкахь 5,5 %, Петарбухахь 6 %, Башкортостанехь 5,9. Уггар индексаци лахара йинчу регионашлахь ю Къилба ХIирийчоь (3%), ГIебарта-Балкхаройчоь, Дагестан (3,3 %), Кхарачойн-Чергазичоь а, Нохчийчохь а, Адыгейхь а 3,4 %.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *