Титиевн адвокаташа апелляци кховдийна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле
Наркотикашца уьйр ю аьлла, лаьцна латточу бакъонашларъярхочун Титиев Аюбан адвокаташа Дубровина Маринас а, Заикин Петра а апелляци кховдийна Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело тIеэцначу шина сацамна дуьхьал. Маршо Радионо ма - яздарра, кхело кху беттан 25-чу кхаччалц Титиев чохь сацош сацамбира, цул совнах, дуьхьало йина довхаттар кхечу регионехь хилийта.
"Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу офисан куьйгалхо Титиев лецира кху шеран Дечкен-баттахь. Цуьнан белхан накъостий тешна бу, долийна гIуллакх бух боцуш хиларх. Бакъонашларъярхочо чIагIонаш йо, наркотикаш полисхоша тийсина ю шена, бохуш.