"Путинан тешаша" толам баьккхина фестивалехь
Цхьанхьа а цкъа а гайтина йоцчу, Манскийс 1999-2000 шерашкахь яьхначу видеоматериалех лаьтташ ю кино. Оьрсийчохь хеназа харжамаш дIабахьаран, тахана а евзаш йоцчу факташна лерина ю и филм. 1999-чу шарахь Ельцин Бориса "Сайга далург ас дина, со дIавоьду" аьлча, дIакхайкхийра харжамаш.
ХIетахь ФСБн куьйгалхо волу Путин, ханна декхарш кхочушдан хьалхатеттира. Цу хенахь коьрта интрига яра - толам боккхур бу-те Путина хьалхарчу турехь, я дезар ду-те юха а кхьаьжнаш тийса. ХIетахь цуьнан харжамийн штабан куьйгаллехь вара президентан администрацин гIовс Медведев Дмитрий.
Карловы Вары гIалахь дIахьон фестиваль Европехь уггар а престиже лоручарех ю.