Туркойчохь карчам бан гIоьртинчу 72 стагна велла дIаваллалц набахте кхайкхийна
2016-чу шеран аьхка пачхьалкхан Iедал хийца гIоьртира Туркойчохь. Шен резиденцера аравала кхиъначу ЭрдогIана кхайкхамбира бахархошка, ара а довлий, бунтахошна дуьхьало латтае аьлла. Оцу бусаЭрдогIанан агIончашлахь а, цуьнан дуьхьалончашлахь а хиллачу тийсадаларшкахь вийра 200 стаг. Царех 43 Истанбулерчу Босфоран тIай тIехь.
Цул тIаьхьа Товбеца-баттахь Iазап лайначийн тIай аьлла, цIе хийцира Босфоран тIайн.