Пакистанехь Iожалхочо динчу эккхийтарехь вийна 128 стаг
Оццу дийнахь Банну гIалахь хиллачу митингехь а дира эккхийтар, 4 стаг а вуьйш, 30-нна кеп-кепара чевнаш а еш.
Дахначу шинаридийнахь Пешаварехь хIоттийначу митингехь а дира Iожалхочо эккхийтар. 20 сов стаг вийра, шайлахь меттигера кандидат а волуш. ТIалибаша шайн тIе лецира жоьпалла.