Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Июль
2018

Новости за 14.07.2018

Radiomarsho.com 

ТIалибаша нохчийн зударий байар бакъ ца до Кадыровс

ОвхIанистанехь тIалибаша нохчийн кхо зуда тIехь ницкъ а бина, йийна бохуш, зорбанашкахь даржар бакъ ца дина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "ОвхIанхойн хIун ю цахуучу Haama Press хьостанна тIе а тевжаш, оьрсийн хаамийн гIирсаша хазахетарца даржийна, даIишхойн тобанехь хилла Нохчийчуьра кхо зуда йийна аьлла", - резавоцуш яздо Кадыровс шен Телеграм-каналехь. Кадыровс бахарехь, Haama Press агенталла шайн овхIанхойн эскаран 209-чу корпусерчу къайлахчу хьостанех пайдаэцна, ткъа цара "меттигерчу цIарах ца буьйцучу гIирсо" даржийна боху.

Radiomarsho.com 

Пакистанехь Iожалхочо динчу эккхийтарехь вийна 128 стаг

Пакистанан Къилба Малхбузерчу Мастунг гIалахь Iожалхочо тIелатар а дина, 128 стаг вийна, ахбIе лазийна ву. Харжамаш дIабахьале хIоттийначу митингехь терроран тохар дина пIераскандийнахь. Йолчу информацица, вийна меттигера цхьа кандидат а. Оццу дийнахь Банну гIалахь хиллачу митингехь а дира эккхийтар, 4 стаг а вуьйш, 30-нна кеп-кепара чевнаш а еш. Дахначу шинаридийнахь Пешаварехь хIоттийначу митингехь а дира Iожалхочо эккхийтар. 20 сов стаг вийра, шайлахь меттигера кандидат а волуш. ТIалибаша шайн тIе лецира жоьпалла.

Radiomarsho.com 

Саьнгаро хьош йолу йоI кIелхьараяьккхина Гуьмсехь

Гуьмсан кIоштахь саьнгаро такхийна диъ шо долу йоI кIелхьараяьккхина меттигерчу шина вахархочо. Маьхьарш хезна тIекхаьчначу некъан полисхоша дарбан хIусаме кхачийра бер. Мартынкаев Турпал-Iелина а, Юсупов Зеламханна а гина хилла, хино йоI хьош. Кхо метар кIорга саьнгар чу а иккхина, цушинна аьтто баьллера йоIана гIоьнна кхача. Гена боццуш некъаца лаьттачу полисхошна дIахезнера кхеран гIовгIа, орцахбевллачу цара хьем ца беш лоьрийн кара кхачийнера йоI. Гуьмсерчу дарбан хIусаман реанимацехь ду бер... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Окуева Аминин цIарах урам хир бу Киевехь

Урамашна цIераш тохкучу комиссино кхааридийнахь дIакхайкхийна Киеверчу Шевченкон кIоштарчу урамна Окуева Аминин цIе тилла шайн лаам хиларх. ГIалин кхеташонан депутато Пинзенык Олесяс бина и хаам, яздо Страна.ru портало. "Хазахета цу кепарчу лаамна массо а тIетайна: ГIирмин-гIезалойн меджлисан куьйгалла а, халкъан депутаташ а, цуьнан тIеман накъосташ а", - аьлла депутато. Хаамбарца, керла проектехь болу урам бу иза. Гергарчу заманчохь юкъараллехь дийцадоккхур долуш ду и хаттар. Яхначу гурахь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ТIалибаша йийна нохчийн кхо зуда

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобана юкъахь хилла Нохчийчуьра схьаяьлла кхо зуда йийсарехь латтийна, цул тIаьхьа йийна "Талибан" радикалан боламан гIаттамхоша Къилба Малхбузерчу ОвхIанистанан Джаузджан провинцехь, хаамбо Интерфаксо. ТIемалойн хаамашца, Дарзабан дозанехь доьалгIа де а ду "Талибанна" а, даIишхошна а юкъахь тIемаш лаьтта. Малхбузера тIелетта тIалибаш "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн позицешна. ТIеман талламхойн зерашца, кхаа дийнахь шина а агIонан вийна 100 сов стаг.

Radiomarsho.com 

Политковская Аннин цIарах беш йиллина Москох

"Новая газетан" офисна уллохь беш йиллина журналистан Политковская Аннин цIарах. Иза йоьллучу дийнахь кхайкхинера цуьнан нана Мазепа Раиса а. Иштта дакъалецира газетан коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс а, "Эхо Москвы" радион коьртачу редакторо Венедиктов Алексейс а, иштта масех пачхьалкхашкарчу дипломатин векалша а, журналисташа а, бакъонашларъярхоша а. "Халкъо Iалашъеш ю" аьлла, билгало йинчу бешахь дIадийра зезегаш, дуьйцу Маршо Радион корреспонденто. 2006-чу шеран гурахь йийра Москох Политковская Анна. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *