Политковская Аннин цIарах беш йиллина Москох
"Халкъо Iалашъеш ю" аьлла, билгало йинчу бешахь дIадийра зезегаш, дуьйцу Маршо Радион корреспонденто.
2006-чу шеран гурахь йийра Москох Политковская Анна. Иза дика евзара оьрсийн Iедална критика еш, къаьсттина Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларх материалш "Новая газетан" агIонашкахь зорбане йоху журналист санна.