Кхетамчу веана Москох йиттина комехь хилла Дагестанера студент
Цо дийцарехь, Амир карарчу хенахь Солнечногорскан кIоштарчу клиникехь реабилитацин центрехь ву. Шен кIант кхетамчу веана, амма къамел далуш вац иза, боху цо.
Маршо Радионо хьалхо хаам бина ма хиллара, Москох 8 стага, шайна юкъахь зуда а йолуш, багайиттина хилла Абумуслимовга, сий доцу къамелаш а деш. Юха цхьаммо буй тоьхна вожийнера иза. Хилларг гинчу зудчо лоьраш кхайкхинера. Цара дIавигнера жима стаг дарбанан хIусаме.

