Шен хIусамехь граната латторна чувоьллина Нохчийчура вахархо
![Шен хIусамехь граната латторна чувоьллина Нохчийчура вахархо](https://gdb.rferl.org/021684E3-CF4D-4D88-AD21-B86F6A6F5519_w800_h450.jpg)
Хьалха-МартантIера вахархо бехке вина, бакъо а йоцуш, баккъалла а йолу граната шен хIусамехь латторна.
Талламхоша дийцарехь, цу стагехь иза хилар гучудаьлла хилла масийтта бутт хьалха, талламан операци дIахьош. И зулам даран цхьацца хьелаш тидаме а эцна, еарин дийнахь кхело хан тоьхна цунна 1,5 шо колонехь даккха.
Цул сов, бехкевинчунна гIуда тоьхна 20 000 сом барамехь, хаам бо "Кавказский узело", Нохчийчуьрчу прокуратурана тIе а тевжаш.